Оцу кепара дийнна халкъо къобал а деш 1979-чу шарахь СССР шен берриге а тIеман ницкъаца Афганистанна тIелетира, Iедало хьийзош долу цуьнан къам кIелхьарадаккха Iалашо йуьхьар а лаьцна. Къиза а, ирча а тIеман зама кхайкхаза хьаша хилла йоьссира Афганистане. БIе эзар маьрша адам хIаллакьхилира, иштта эзарнаш, эзарнаш интернационалисташ-тIемалой а эгнера цу муьрехь. Амма Афганистанна дуьхьал ша долийнарг сий долуш чекх ца делира йа советски политикина а, йа цуьнан герзана а. Феодализман муьрехь хиллачу Афганистанаца биначу тIамехь СССР эшаран бахьанаш иза дукха ойла йан хьакъ долу чолхе хIума ду.
Кхузахь билгалдаккха хьашт ду цу толамехь куьйг бехкениг уггаре а хьалха ша Афганистанан къам а ду, иштта итта шеран йохаллехь цу къиссамехь царна гIо дина йолу пачхьалкхаш а йу. Ткъа кху сохьта тIом болалуш бен бацара…
Дуьненан йалхолгIа дакъа дIалоцучу Советски Союзан хьаьрмахь хаамийн пропаганда дIайолайелира. Шен бахархойн кхетамна тIеIаткъам бан Iалашонца, пропагандин ницкъ болу машен чухийцира СССР-а. Бакъдерг ала деза, цо шен болх цхьа а шеко йоцуш дика кхочуш а бира. Дош ала башха бакъо йоцу кIезигаха дакъа диссалц, советски адамо Iаьржаниг кIайн а лоруш, цхьаьнаэшшара къобалдира шайн пачхьалкха Афганистанна тIелатар. Цул совнаха, цу тIамехь эгначийн наношна-м хетара шайн кIентий бакъо къуьссуш кхелхина.
Тамаша бацара башха дахаро зийна воцу ИбрахIим а Советан Iедало шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дуьйцучух тешар. Коммунистически ойланашца кхиийна волу жима стаг доггах тешара шен пачхьалкха адамана зенехь хир йоций, иза нийсонан бухтIехь кхоьллина хиларах. Цунна коьртачу а догIур дацара цкъа а, СССР-а оццул мекара тIелатар дина Афганистанан машар бохор буй. Воккхах волу ваша СаьIид ша кхето гIоьртича иза цунах ца тийшира. ИбрахIимана моьттура цо иза ша ларвархьама дуьйцуш ду. Дагчохь цо дуьйцучух ша реза воццушшехь, ИбрахIима моттаргIа йира вешина нийса хетарг дийр ду ша аьлла. Амма кIанта бина сацам цхьаьнга а хийцалур болуш бацара – ИбрахIим хьаьгна вара Даймехкан декхара дIадала. Иза тешара ша дахар ларда воьдуш хиларах, цунна ца хаьара ша цIий Iано цига воьдуш вуй.
Кху гурахь ИбрахIим эскаре ваха везаш вара. Ишкол чекхйаьккхинчул тIаьхьа институте деша ваха цунна ца лиира, хIунда аьлча гуманитарни лаккхарчу дешаран хьукматаш чекхйаьхнарш эскаре иштта а кхойкхуш бу. Цуьнан хIетале 22—23 шо хир ду. Ткъа ИбрахIимана хетара хIинца шен йолчу хенахь эскарехь тIеIиттало халонаш лан шена дуккха а аттох хир ду. Цул совнаха, эскарехь ма хуьллу сиха шен дика амалш а гайтина, КПСС могIаре хIотта а аьтто хир бу. ИбрахIима биначу сацамна дуьхьал ала хIума долушшехь, дас а, вашас а новкъарло ца йира цо хаьржинчу некъана.
Ишкол ИбрахIима лаккхарчу кхиамашца чекхйаьккхира. ТIаьхьарчу пхеа шарахь цуьнан къаьстина чIогIа спортаца гергарло тасаделира. Дзюдо лелар бахьана долуш, иза хIинцале цу спортан кепехь мастер хила хьакъ волуш вара. Амма цхьа спорт хилла ца Iара ИбрахIиман тидам тIеберзийнарг. Къаьсттина боккхачу лаамца оьхура иза литературни кружоке. Цунна ишта чIогIа оьрсийн мотт а, литература а йезайаларехь, шеко йоцуш, «бехке» йара Мария Владимировна. Амма, окху ишколехь хьоьхуш бацара нохчийн мотт! Иза дара коммунистически Iедалан лаамех доьзна, нохчийн къомана чIогIа иэшаме хьал!
Цхьаьна дийнахь ИбрахIим доьшуш волчу пхоьалгIачу классе чоьхьавелира ишколин директор, ткъа цуьнан букъа тIехьа а лечкъаш оьрсийн йоI а. Директора берашна йовзийтира Мария Владимировна – церан керла классан куьйгалхо а, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо а. Ищерски станице Мария Владимировна Астраханера йеанера, хIетахь дуьйна цуьнан дахар доьзна хилира Теркана гена йоцуш Iуьллучу нохчийн жимачу йуьртаца. ИбрахIим а кхузахь доьшуш вара, хIунда аьлча церан кIотарехь йуьхьанцара бен школа йацара, цундела иза дас-нанас кху интернате деша хIоттийра. Мокъа деношкахь бен цIа вар а ца хуьлура ИбрахIиман.