Цигахь… дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь Iуьллучу ЧIиннахахь цIий Iанар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина кIотарна – Боки-Дукъархошна а, уьшкхалхошна а йукъахь заманан йохалла дIадоьдуш дов дара. И шайна йукъара чIир кар-кара а оьцуш дIакхоьхьуш дара цара и мостагIалла. ТIекхечира тIеман и къиза шераш. Паччахьан Iедало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса гIевттина мур бара и. Цу тIамехь майраллица летара Боки-Дукъара Заурбекан кхоалгIа да ТIас а, цуьнан ваша Арсгири а. ХIетахь церан чIир йитаза йара, хIунда аьлча кхара уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворхI стаге даьллера, ткъа боки-дукъархойн дуьхьал винарг йалх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъйан, уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн чIир эца. Амма тIеман кIурлахь-м церан мостагIа цхьаъ хилира, хIунда аьлча къуьйссуш йерг Даймехкан маршо йара. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша ТIас цхьаьна а волуш тIекхечира мостагIчун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа дIадахьа аьтто ца болуш дIабахнера. Йуьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан чIирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи дIа хIун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена тIера верта схьа а даьккхина, Делан цIе а йоккхуш, дакъа цу йукъа а хьарчийна, иза веллачун говра тIе а диллина, шен ваша ТIас тIаьхьа а хIоттийна новкъавелира Арсгири.

Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, дIахийцира говр. Iуьйранна и говр шайн керта йеъча, цу тIера шен кIентан цхьаммо леррина гIайгIа беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира – суна хаьа хIара тайпа хIума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Йуха Боки-Дукъа агIоне дIа а хьаьжна, цо и йурт йекош мохь туьйхира:

– Арсгири! Хьо тоьлла хьуна тахана!

Маржа-йаI мел деза лоруш хилла нохчийн лаьмнашкахь адаман дахар а, Iожалла а.

Уьшкхалхо кхетара Арсгирина хIуммаъ атта ца хиллий тIеман кIурлара шен мостагIчун дакъа схьаэца. Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган тIехIотта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостагIий уьш боллушшехь, вийна Iуьллучун доьзалан ойла йира Арсигирис.

Ткъа йуха-м заманан йохалла хийла доьза дайра и нохчийн декъий, хийла Соьлжа-ГIалин урамашкахь мецачу жIаьлеша дIасатекхадира уьш, хийла мостагIаша сийсаза деш, шерашца Iохкура уьш дай баьхначу лаьттахь а кошан барз ца карош.

Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира, уьшкхалхойн лаам кхайкош:

– Шуьца долу мостагIалла тховса чекхдаьлла, уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган!

Оцу кепара Боки-Дукъархоша гайтина йаьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостагIалла хадош, тIаьххьара шайн вийна стаг витира царна уьшкхалахоша. Шайн мостагIаша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, гIиллакх а гойтуш. Къано сецира, вехха лаьтта бIаьра хьоьжуш. Маржа-йаI НОХЧАЛЛА – Башломал леккха хилла-кх хьо, амма хьан ирхенаш йаха дац-кх атта…


ЧIир йитар нохчийн Iадатан лехамашца догIуш, кхин цхьаьна а хIумано новкъарло ца йеш чекхделира. Догин гергарчу наха шаьш хьалха дIахьедина ма-хиллара, сурсаташца а, ахчанца а деш долу гIо тIе ца лецира, ткъа шайн рогIехь ЗаурбекагIара цаьрга тешо йира и кхачанан сурсаташ а, ахча а шаьш Догина тIера сагIийна мискачу доьзалшна дIасадоькъур ду аьлла.

Чубуза кечбеллачу малхо шен зIаьнарш йаржийна, цIийелла йогура стигла. Ма шатайпа йоьссира хIара суьйре тийначу Теркан тогIехь. Йаханчу заманехь йиссира шерашца кийрахь къийлина массо а гIайгIанаш а, сингаттам а. Доьзалах болчу кхерамо кхин дагах мIараш туьссур йац. Хилларг бIаьргаш дуьхьал хIиттош, набарха вохуш, дагалецамаша а кхин хьийзор вац. Ма маьрша йеара хIара суьйре. Ма шатайпа детталора дог. Заурбек йуха а лаьттара корах ара а хьоьжуш. ЦIегIа босс беттачу стиглахь, меллаша шен шекъа Iенош, баьржара маьркIажен бода. Са бIарзделла, даш санна базбелла сингаттам кийрахь а къуьйлуш, хийлозза бIаьрг биттинера Заурбека кху кIотаран шерачу аренашка, ткъа тховса-м гIенахь лаьмнаш гур ду…