– Йолла а кхосса говрашна хьалха, жимма хан а ялийтина, хьацар жимма дакъаделча, хи а малийта цаьрга, – элира Болатас йо1е.
Йо1е и болх банлур бу-бац аьлла шек а вацара и, шен йо1 дика евзара денна. Делахь а, Висита а, сиха т1е а вог1уш, вуьйлира йо1ана г1о дан. Шаьшиъ жима долуш дуьйна ша ма-яккхара ц1е а йоккхуш:
– Виса, х1ара говраш стенгара евлла буьйсана юккъе? – хаьттира Зараъас Виситига, денна ца хозийтуш.
– Говраш нисъялар Делан болх бу-кх… Х1орш г1алг1азкхийн аренашкара ялийна, – аз жимма лахдина хаийтира йо1ана жимчу стага.
– Виса, суна ялийна-м яц хьан и говраш? – ах бегашийна, ах к1ант зуьйш елакъежаш, хаьттира йо1а.
– Яц! – доцца хадийра Виситас.
– Суна ца ялийнехь, тхан уьйт1а х1унда лаьхкина ахьа уьш? – къарцалора йо1.
– Шун уьйт1а ца лаьхкина… Сайн ден метта аса лоруш волчу Болатан уьйт1а лаьхкина, – резавоцучу т1ег1ана т1ехь аз дийкира жимчу стеган.
– Виса, ас-м хьо хийзавеш, бегаш бой! Жима волуш дуьйна бегашах кхетар волуш ца хилла-кх хьо! – шен рог1ехь реза йоцу кеп х1оттийра Зараъас.
Болат оцу хенахь кевнах а ваьлла ладуг1уш вара юьртахь кхин цхьа а г1овг1а юй. Юькъачу хьаннех юьзина йолчу шина рег1ана юккъехь 1уьллучу юьртахь тийна дара. Наггахь «г1алх-г1илх!» олучу ж1аьлийн г1овг1ано бен билгала а ца йоккхура бошмех юьззина къевлаяьлла юрт.
– Ма белахь суна дегбаам, со генара веъна жимма к1адвеллачух тера ду, бегашех кхетачохь а вац, Зараъ! – йоь1ан дегъбаъамах к1елхьаравалан г1оьртира жима стаг.
Иза ма дара йо1ана дезарг-м!
– Мехкарша-м хьо суна рема ялон вахана ма бохура, со оцу говрийн меха а ца лору ахьа, Виса? – к1ант к1елхара ца волийтура Зараас.
– Хьан мах-м, сан йиша, итт реманал а лакхара бара. Амма говраш аса вайна ца ялийна. Уьш байлахь дисинчу берийн нанойн дуьхьа ялийна ю. Амма сайн йишина цхьа безамехьа нисбелла дин-м балийна аса! И лаьтташ болу дин гой хьуна? – йо1ана там бан г1оьртира Висита, цунна совг1атана к1айн дин а луш.
– Баркалла, Виса, суна-м ца оьшура и дин а, хьо могуш-маьрша ц1авирзичахьана, – х1инца-м бегаш ца бора йо1а.
Церан шина дена юккъехь долу гергало бахьанехь Виситий, Зараъий а дара ваш-йиший санна цхьана хьалакхиина. Хала киртиг яра жимачу стаганий, йо1аний дахарехь т1ех1оьттинарг.
Говраш д1а1алашйина девлича, Зараъ лохачу раг1ун к1ела яхара, к1антана юург охьайилла. Ткъа Висита ц1ийнат1ехьахула хьаьдда доьдучу сирлачу татолана т1е вахара, юьхьах хи тохан. Жима стаг раг1у к1ела веъча Зараъас лохчу истолан т1е йиллинера, суьйрана кечйина х1инца а шелъелла яланза сискал, т1оберам, сихха к1еглеш т1ехь деттина схьадолуш дара дакъадина жижиг а.
– Со ойла еш яра, – элира Зараъас г1айг1анечу озаца, юьхьаха гата а хьокхуш, раг1уна к1ела вог1учу Вистига. – Ахьа дийнна рема схьа а яьккхина битинчу нехан а ма ду бераш а, берийн бераш а хир ду. Церан ойла ян а йой техьа ахьа а, хьо санна болчу т1елатархоша а?
Раг1уна к1елахь Зараъас латийна чиркхана серлонехь соцунг1а хилира Висита, йо1ийгара дагахь а доцуш иштта хаттар шена хезча. Амма и хаттар-м цо ша-шега дуьххьара деллачух тера дацара. Халла раг1уна к1ела тарлуш онда вара жима стаг.
– Паччахьан эскаршна хьалха а лелхаш, вайн лаьтташна т1едог1у некъаш а гойтуш, вайн адамаш а дойъуш, вайн а, шайн а берех бобераш а деш, харцонаш лелийначу г1алг1азкхийн, г1алмакхойн реманаш, бежнаш ду оха царех таса а луш, цаьргара дохурш. Вай ца бина царех мостаг1ий, цара бина вайна а, шайна а бала. Уьш паччахьах бевдда баьхкича, вайх царнна тешамен лулахой хиллера. Амма паччахьа шаьш хьаьстича, сиха 1ехабелира уьш, сихбелира вайн ярташ ягон а! Дала бекхам бийр бу церан т1аьхенна а техь! – олуш шен майра сирла б1аьргашца йо1е хьажира Висит.