Де суьйренга г1оьртинера, жимма язъеллачу мархашна т1ехьа лечкъара малх кест-кестта.
Шадериг бохург санна, хьаннийн баххьаш д1алаьцна заза дара дитташна даьлла. Шадолу 1алам дара хаза бос эцна, аьхкенга г1оьртинера б1аьсте. Шаьш йохийна, ягийна эрча яьккхинчу юьртана, к1урана, ц1ерна, стенгахь бу ца хуучу ламанхойн т1емлошна а шаьш генабевлла хеташ сецна го ч1аг1бинера мостаг1ийн эскарша. Лазийнарг лозаран ц1енна улло г1ертара, мацевелларг юуург кечъечу даккхийн бухьахь ц1е латош яйнаш долчу г1ертара. Ч1енгийна т1ег1уртуш еха, хьийзина 1аьржа, юккъехь сира чоьш долуш, лергана т1ера ч1енгана т1е кхаччалца ахмаж а йолуш волу инарла вара, сихха д1ах1оттийначу четарна к1елахь шен эпсаршца къамел деш.
– Яккхийн тоьпех жоп луш мила вара шух? Муха нисделира и ламанхой-акхарой, бог1уш лаьтташехь, цхьа а дуьхьалло а йоцуш юьрта чу бахкар! – реза воцуш ц1ог1 хьоькхуш т1ечехара и, охкаделла ц1оцкъамашна к1елхьара, т1ебаьлла боккха ши б1аьрг а къерзабеш.
– Иза шен яккхийн тоьпашна уллохь кхелхина… иккхинчу х1оънаша гулдан х1ума ца дитина цунах а, цуьнан салтех а, – элира горга сийна б1аьргаш долчу эпсаро.
– Цунна «Георги» ж1ара йоьхура ю аса паччахье, цунах йисинчу зудчунна, берашна йохьийтура ю! шайн да турпалла мостаг1ех леттийла хаъан деза царнна. Цуьнан бераш хьалакхиъча кхуза дахкан дезаш ма ду, т1емлой а хилла! Х1окху акхаройн х1у кхача дан дезаш ду! Вайн садо1ан йиш яц, х1окху дуьненахь цхьаъ мукъна а нохчий дийна а волуш! Х1окху ялсамане санна хаза болчу махкахь бахан бакъо йолуш бац уьш! – геннара шен ойланаш йовзийтуш къамел дора инарлас.
– Бакълуьйш ву хьо, хьан лаккхара сийлалла, оцу акхарошна меттиг бац дуьненна т1ехь! – т1етадора дукхах болчу эпсарша а.
Эпсарий-м дера бара сахиллалц а инарлийн синхаъмашка ладуг1ура долуш, цуьнга шаверг а ламанхой а х1аллаквойтура волуш, цо шайна т1е ц1ог1а ца хьекхчахьана. Амма, ша нохчашна ден долу та1азарх дийцина ваьлча, эпсаршна а кхечира цуьнгара бес-бесара къаьхьа дешнаш.
– Г1аролана къаьсттина т1е тидам бахийта, и акхарой кхин а т1елатан ойла йолуш хила мега! Яккхийн тоьпашна хаьштигаш кийча хилийта даима! Мукъа ду шу! – омра дина, эпсарш д1ахийцира цо, дов дерзош.
Виситин т1емлоша эзар гергга салтий витинера юьртахь лазийнарг а, вийнарг а. Делахь а эскар дукха дара х1инца а, дукха ницкъа бисинера церан. Амма и эскар кхача оьшуш а, хи оьшуш а дара. Инарлас цхьа х1ума ца хуъуш ца нийсадинера шен эскар хина йистехь. Дукха сирла а, хаза а хи уллохула хьаьдда доьдура. Делахь а, лекха берд а бара, инарлас леррина хаьржинчу оцу аг1ора ламанхой т1елетийла дацара. Бердах ламанхой-м ца бовла тарлора шайн говрашкахь, делахь а салтийн дезара бердах чубийса, шайна хи дезахь. Кхача кечбан салташна белла г1оьнчаш бара, г1аролаш а хи схьакхехьан дезарш а.
Йоцачу салтийн белаш а карахь т1ебирзина салташа бердах чувуссийла яьккхира, нийсса т1ег1анаш а еш. Ламанхой ц1аьххьана гучу бовлуш хилахь а, дехьа-сехьахь юьйлина кечйина тоьпаш а йолуш, г1аролаш бара д1ах1иттийна. Оцу белхана т1евиллина волу векъна а волуш, цигаьрка багахь йолчу эпсара омра дира салташна:
– Сихо йе! Эрна хан ца йойъуш хи схьадададе! Ламанхоша т1елатар деш хилахь сихонца духадерза, г1аролаша мостаг1ашна тоьпаш тухушшехь!
Хи уллохь хиларх самукъадаьлла, хи эцан дезаш болу салтий, т1ехьаьдира зевне екаш йоьдучу тулг1ешна. Хьалхаваьлла воьду оза, веха салтий хина т1екхоччушехь шегара ведарш улло охьа а кхийсина хина чувелира гоьллалца. Охьатаь1ина канаш юьззина схьаэцна хи мелира цо. Кхин цкъа а сихха канашца эцна хи бете дехьира цо. Амма и хи д1амала ца кхиъира, хина дехьара геннара схьахезира топ йолуш. Канашкара хи д1аса а кхуссуш, кьуьйгаш д1аса а даржош аркъала сиха йог1учу тулг1ешна чу охьавуьйжира салти. Дуьхьало ца еш долу цуьнан дакъа масачу хино сихонца охьатакхийра. Гонаха хи оьцуш бохку салтий, ведарш кхийссина а дуьтуш, хина йисттера д1ахьаьлхира берда йистте. Да воцуш дисина ведарш а тулг1еша т1аьхьа хьажийра хьалха охьавехьначу салтийчунна. Дехьа, сехьа лаьттачу г1аролаша тоьпаш туьйхира цкъа цхьаммо кхуссуш, т1аккха вукхо. Хьуьнхана аг1ора, шаьш стенга хьажон еза ца кхеташ, сихонца кхуьйсура г1аролаша тоьпаш, гуш х1ума-м дацара царнна. Х1инца ламанхой, айбина тарраш а долуш чухахкалур бу моьттуш, шена хи эцар т1едиллинчу эпсара орца доьхуш салтий вахийтира инарлан четаре: