Юрт, к1ура хаъабелла зингатийн т1уьйлигах тера яра, дошлой чубаьхкина аг1ора-м юьртахь х1инца а 1аьржа к1ура бара лекха ирх оьхуш, джин санна лекхара т1еоллабеллера и инзаре ирча сурт хилла. Тоьпамолха т1ехь долу ворда иккхинчу гонаха кхаъа-деъа ц1енойх а яьллера ц1е, уьш а дара г1ийла догуш. Йиъ йоккха топ а яра, когаш кегбина гезарий санна ирх-пурх 1оьхкуш. Юххехь лилхинчу йоккхачу тоьпана х1оънаша вовшаха лелхийтира уьш, х1ун ю ца хуург а еш. Паччахьан пхьераша ламанхойн мохк баккхан йина яккхийн тоьпаш яра уьш! Х1инца тера яцара уьш генара кхуза ялош хиллачех. Т1ехь малх а сецаш, гуттар а кечйина, ц1ан йина лелош яра уьш салташа. Х1инца-м бацара и салтий а, йа и йаккхийн тоьпаш а! Меженаш яьхна, д1аса а кхийсина 1оьхкура йаккхийн тоьпаш а, салтий а. Шаьш лехнарг карийнера царнна массарна а х1окху мискачу нохчийн юьртахь. Амма к1езига машарен адмашна зенаш а ца деш-м ца хиллера уьш шаьш а х1аллак. Х1инца, хьалха юьрта юккъехула маларо а, дарбаларо а б1аьргаш а ц1ийдина, дукха адам дерина охьадиллина куьйгаш а, шаьш а ц1ийх буьзина кхин а цхьамза хьанах 1оьттина чекхбоккхура бара тешна бохуш техкаш д1аса лелла хилла салтий, х1инца кхечу аг1ора бара. Цера б1аьргаш къаьрззинчохь дара, церан куьйгаш а, цхьаболчийн лахара балдаш а дара эгадеш. Жоьжаг1атан даима а диллина долу кевна ц1аьххьана шаьш т1е1оттаделча санна озабелла бара уьш. Цара шина куьйга гонаха кхерам туьйсуш къуьйлуш йолу цхьамзанаш долу тоьпаш-м шайн кхерабелла 1адийна дара! Х1инца-м уьш, шаьш байъинчу юьртахойн декъашна т1ехула лелла ца 1аш, шайн, х1инцца ламанхойн дошлоша таррашца берина охьабехкинчу салтийн декъех а когаш тийсалуш галабуьйлуш д1асалелара. Царна юккъехула хьалха санна ийза ца луш, шайна салтийчунна б1аьрг т1е1оттабелча а дуьхьала «г1-г1-г1!» деш кхерамаш а туьйсуш юьртара ж1аьлеш а дара. Жима татолаш санна маь1-маь11ехула даьржина ц1ийно кортош тентагдаьхначух тера дара миска дийнатийн а. Массо а маь11ехь дара салташа хьалха ц1е тийсина догуш ц1енош а, шайх юрт хьулъеш дуькъа лаьтташ долчу стоьмийн диттех а леттера и ц1е. Х1инца и дитташ а дара ц1е вовшен кар-кара а кховдош семсайохуш д1аян ца юьтуш. Диттийн гаьннаш д1алаца серладевлла хилла заза а дара ц1еро къинхетам х1ун ю ца хууш дагош, туьркийн, 1ежийн к1айн заза, г1аммаг1нийн алла заза. Бацалахь бес-бесара хаза зезагаш дара алух хьерчаш, к1егалеш а хуьлуш оьгуш, ша и сийна буц а санна. Оцу шайна жоьжаг1ате хиллачу юьртах бовлан сихбеллера цхьаболу уггаре а ч1ог1а кхерабелла салтий. Иза уггарен а г1олехьа ч1аг1о ю массарел а аьлла тарделлачу инарлас а йира ч1аг1о: эскар юьртаха даккхан! Салташа хьоькхучу маьхьаршна дечу узаршна, ц1аро яьккхинчу г1овг1ано, баьккхинчу к1уро а ца кхоьтийтура: и ламанхой х1инца а юьртахь салташна т1елеташ бу, я кхин а т1елатарна кечам беш бу. Цундела мохь бетташ гулбан г1ертара и шена уллохь эпсарш:

– Арадаккха эскар юьртара! Арабаха салтий, генабаха! – йиш хаьллера цуьнан мохь бетташ, к1уьро садукъдина йовхарш йора цо.

– Кхочуш дийр ду, хьан лаккхара сийлалла! – олура эпсарша, хурашкан лабина улло куьйг а хьош, нисбелла д1ах1отта а г1уртура цхьаверг.

Амма салтий-м дукхаха берш шаьш а дукха дика кхочушдеш бара и омра, инарло шайга лерга а веъна аьлча санна.

– Ва, сан нана! – маьхьарий оьхура цхьаболчу салташка.

– 1ийса! 1ийса! Орцаха валахьа! – 1ийса пахмаран ц1ераш йохуш, некхийн т1е ала ца кхуьуш, хьаьжна а, ч1енгана юккъе ж1арийн сурт х1иттадора кхечара кхаъа п1елгаца.

Эзарнаш салтий юьртара а юьртана гонд1ахьара а охьахьаьдира юьртана йисттехула боьдучу некъаца. Кхерабаларна лаьмнаш долчу аг1ора д1ахьаьдда цхьаболу салтий, эпсарша юьхь лоцуш буйнаш а детташ метта балабеш вукху аг1ора хьовсабора, массо а д1ауьдучу аг1ора. Кхин а ламанхоша ц1аьххьана т1елатар деш хилахь а аьлла жимма доьналла долчу салтех эскарна гуонаха г1аролаш-ч1аг1онаш х1иттайора эпсарша. Инарла хьалха ваьлла вара салташна, эскарна эрна арахь гонаха хьун йоцуш меттиг лоьхура цо. Иштта меттиг бара дикка генахь хина йисттехь: цхьана аг1ора лекха берд а болуш, вукху аг1ора шера майда, хьунна генахьуо. Оцу меттехь сацийра инарлас шен эскар. Т1ебог1ун салтий а ворданаш а якхийн тоьпаш а д1анисъеш шайн гуо ч1аг1 беш, меттабог1уш бара салтий а. Эпсарш а бара б1аьргах сараг кхетча санна хьийзаш, цкъа хьалха бовдуш, т1аккха т1аьхьабисиначаьрга хьовсуш. Цхьаберш говрашна т1ехь а бара. Кестта го а лаьцна ч1аг1о а йина д1анисделира эскарш. Дукха хьолехь лайш санна лелош болу салтий, мостаг1ехчулла а ч1ог1а шайн эпсарех уьш кхоьруш хилар дара. Ткъе пхеъа шарахь салтий а вина лелош волчу стагах, лай ца хуьлийла а дацара эпсарна йиттина вен а магош долу и синпекъар.