– Тхайн зударий хьалха чу ца бовлийтар, акха хилар дац тхан, – мечик кхетон г1ертара воккха стаг.
– Ткъа х1ун ду и, акхалла бен, – къар ца лора мечик.
– Зуда хьалха чоьхьа яьлча, цунна коьртаха х1ума ца тохийта, тхаьш хьалха чоьхьа довла тхо, – кхетийра эххар а воккхачу стага лаккхара хьаша.
21 январь 2019 г.
Шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш волу испециалист Мохьмад
Малх делкъана хьала баьлла соцунг1а хилла лаьттачу хенахь, ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ а, цаспециалисташ а, шайн белхан ц1е дукха хенахь йицъелларш а, кехаташ д1акегош, схьакегош… т1аккха вукху аг1ора кегош балхана хаъъал ницкъа бан г1ерташ бохкура.
Кехатийн эрна бечу балхо б1арзвина, луларчу кабнетана чу, «шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш верг» – аьлла лаккхара ц1е йолчу Мохьмад волчу, веъира воккха стаг, ДУ-хь (дешаран урхаллехь) къар велла кочура ца волуш висина пенсионер.
«Лулахочо» бийцира, бийцира шен бала, кхин цкъа а, кхин цкъа а:
– Х1ара кехат гой хьуна? Х1окху кехатана т1ехь бан беза болх къематан де ду-кх!..
– Х1ара кехат гой хьуна? Х1окхунна т1ехь хьега дезаш долу къа, дийцина а вер вац, х1ара а…, х1ара а, кхин х1оккхула а къахьеган деза-кх!!!
– Х1ара кехат гой хьуна?..
– Ткъа х1ара кехат!
– Ткъа х1ара!!!
Воккха стаг корта лестош а лаьттина, ара валан вуха д1аволавелира, лесточура корта а ца сацош. Не1аран саг1ехь сецина г1ийла вуха хьаьжира и:
– Со-м сайн оцу кехатийн (бюрократийн) бала балхон веънера хьо волчу.
– Ой, собар де ткъа, бийца хьайн бала, дош олуш ахьа нахе бийцича, бала а жимма лахло хьуна.
– И бала-м ахьа суна айхьа бийци, – олуш д1авахара воккха стаг.
20.02.2019шо.
Истарши испециалист 1алавди.
ДУ (Дешаран урхалла) истарши испециалист 1алавди вара, х1ора дийнахь «Ц1ОКО-но» (ц1ентр оценка качеств образовани) дешархошна а, хьехархошна а х1уьттарена ишколашна еллачу тестийн отчет, ишколаша «ЦIОКО-н» Интернет-сайтана т1е яьккхиний хьожуш, 1уьналла деш.
Д1атуьйхира 1алавдис цхьана ишколе телпо-з1е:
– Шун да хьакхийца… аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!
– Яьккхина-а-а! Яьккхина-а-а-а!!! – хезира дуьхьала, дахделла, дуткъаделла, к1адделла аз.
Д1атуьйхира 1алавдис кхин цхьана ишколе а телпо-з1е:
– Шун да а, ден ваша а!!!.. Аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!!!
– Ва, 1алавди-и-и, яьккхина, яьккхина, селхана дуьйна… аьлча а, 1уьйрана… аьлча а, суьйрана…
Д1атуьйхира 1алавдис телпо-з1е кхин цхьана ишколе а:
– Шун да а, ден ваша а, цуьна вешин ваша а!!! Хьакха юуш!!! – дов дира цо. -Тестийн отчет чу х1унда ца яьккхина аша, Делан мостаг1ий! – олуш х1инцалерачу нохчийн хьаькимийн озаца т1ечевхира Дешаран урхаллин Истарши испециалист.
– Делахь ца хаьаа суна-м ахьа х1ун отчет юьйцу, ша х1окху цхьана вехаш волчу стагана динчу ц1ено чохь айса еш йолчу иштукатуркех лаьцна ца язъяхь и отчет, – жоп делира аз доьхначу иштукатуршиц-зудчо.
Телпо-з1е харцахьа кхеттачух тера дара 1алавдин х1инца-м.
Истарши испециалист Шема. (Шема Йинчу денца декъала йеш)
Йина де ду, аьлла совг1аташ дира истарши испециалистана Шемина ДУ (дешаран урхаллехь) мел волчу воккхачу, кегийрачу, лакхарчу, лахарчу испециалисташа. Мел к1езига а, цхьа машен йоьттина хир йолуш совг1атана х1ума вовшаха кхеттера Шемин.
Х1усамда, Эстамаран к1ента, к1ентан к1анта, машенахь т1аьхьа а веъна д1а йиган карах ца долуш, итт туьма а лой такси кхойкхура Шемина даима а. Цундела, Шемица цхьаьна болх беш волчу гергарчу Воккхачу стага, кест-кестта шеца ц1а д1акхетайора истарши испециалист.
Тахана а хаьттира Воккхачу стага:
– Шема, со ц1а воьдуш ву, хьо д1акхетайой шун ц1а? – аьлла.
– Дера ца кхетайо тахана-м… Эстамиров едет! – кур-ра жоп делира истарши испециалистас Шемас.