– Тоьур ду, БойсагIар! – аз айдира цо. – КIордийна суна хьан Iиттарш, кураллаш. Некъана кечам бан арадовла…
4
Василийна хьалхахIоьттира имам йийсаре воьду дей, миноташший. Оцу цхьана-шина баттахь къанвелла букархьаьвзира Шемал. Коьртах хьарчийна йеха кIайн чалба. КIайчу гIовтална тIехула дихкина кхелина шаьлтий, доьхкий. Кочахь – детица кхелина тур. Биэндоцуш тIехьа доьхкарх йоьллина кечйина ши тапча. Зоьртала, амма хаъал букъ сеттина, нуьцкъала дегI. Сирйала йоьлла гIин диллина йуькъа маж. Йийсаре ваха сацам хилла араваьллачу цунна дуьхьалваьлла буьрса наиб БойсагIар.
ХIаъ, доьхна де дара иза имамна. Итт эзар салтичо гуо бинера Гуниб ломана. Ткъа оцу тIехь Шемалца вацара пхи бIе стаг бен. Лома кIел лаьттачу эло Барятинскийс и имам дийна шена тIевалийнчунна совгIат кхайкхийнера. Элаца вара тIеман суьрташ дахка веана Мюнхенера художник Гершельт. Кхехкачу тIамехь гоьбевлла эпсарш кхуззахь чинна лакхабохура. Эзар туьма совгIате сатуьйсу салтий, хьерабевлча санна, ломаца хьалагIертара. Церан дегнаш айъа, коьртакомандующис чов хиллачу xIop а салтичунна цхьацца туьма ахча лора. Ткъа имаман мурдаш лахлора xIop а минотехь. Леташ йолчу цхьана тобанна тIехь куьйгалла деш йара Юнусан зуда – жуьгти Зайнап. Виснарг виъ бIе мурд, йиъ йоккха топ бен йац. Ткъа деха ламеш, машшаш, эчиган мIаранаш карахь хьалагIерта Апшеронски полкан салтий, йаххьаш къаьсташ, гергахь бу. Арахьара кхиа гIo дац. ТIом Дагестанан махка баьлча, имаман кхузара наибаш, цхьа топ ца кхуссуш, бевдда паччахьан инарлашкахьа бевлла. Цхьана а йуьрто дуьхьало ца йира эскаршна. Кхузара бевдда дуккха а. Мурдашна бала ца лаьа, царна машар беза. Машар бийца эла волчу тешаме нах бахийта бохуш, тIегIертара уьш. Амма Шемала дуьхьало йира, шен кIанта ГIеза-Махьмас деххалц. ТIаккха са ца тохаделира. Цо сардална тIевахийтира Чиркойн Юнуссий, Чохойн ХьаьжIелий. Доцца кехат йаздина: «Сардале эле Барятинскийга. Дала Iалашвойла нийсачу новкъа воьду стаг. Нагахь ахь суна а, суна безачу нахана а Макка баха некъ лахь – вайна йуккъехь машар бу, ца лахь – хир бац». И кехат эцна вахана шиъ йухавеара, имаме шена тIевола боху сардало аьлла. Цаьрца баьхкира полковникаш Лазарев а, Къурмин Къосам а.
Йийсаре ваха имаман сацам хилла баьллийла хиъча, шен цхьана кога тIе хьалаиккхира буьрса БойсагIар. Чевнаша йеринчу йуьхьа тIехь, седа санна, богура цхьаъ бен боцу бIаьрг.
– Хьайн сацам хийца, имам, хьайн сийлахь цIе йайъа воллу хьо! – къаьхьа мохь белира цуьнга. – Тхо дийначийн хьовха, беллачу тIемалойн а сий дайъа воллу хьо! И дойла йац хьан!
– ХIан-хIа, БойсагIар, и ца дича далац. Наха доьху соьга. Зударий а, бераш а эрна хIаллак ма хилийта, боху соьга…
– ХIун элира ахь? – шен цхьаъ бен доцу аьтту куьг шаьлтанан макъарна тIе а диллина, кхоссавелира БойсагIар. – Эрна хIаллакьхир ду, тов! Кху ткъа шарахь хIаллакьхилларш дацара адамаш? Эзарнаш! БIе эзарнаш! БIаьрг тохал Нохчийчу! Шо хьалха, стохка, массо хенахь цунна тешаме хила, иза тесна ца йита, хьо дийна а волуш гаурша и дIалоцур йац бохуш, дуйнаш биънарг хьо вацара ткъа? Йицйелла хьуна айхьа тхуна йина чIагIонаш? ХIокху шайн лаьмнийн лакхенгара дIа бIаьрг тохал цига. Делах санна, хьох тешначу, хьуна доггах тIаьхьабаьзначу, хьо ларвеш сийлахьчу тIамехь эгначу майрачу кIентийн баьрзнаша аьхна Нохчийчоьнан латта! ХIинца а йогуш йу иза, Iаьржа кIора хилла цунах! ЛадогIал, хезий хьуна, цигахь беллачийн декъаш тIехь боьлхучу зударийн тийжарш, байлахь дисинчу берийн белхарш, иэшаро иэхь дина, тIедогIучу олалло собарх баьхначу дийна бисинчу хьайн тIемалойн узарш? Халкъ тешара хьох, и тIаьхьахIоьттинера хьуна, ткъа оццул хьо веза лелийна халкъ холчахIоьттинчу дийнахь, и дIа а тесна, хьо хьайн са дадийна воьду!