ХIинца дерриг дIадели. Нохчийчоь йоьжна. Имаман дог а доьжна цуьнца. Ткъа xIapa Дагестанан махка тIе ма-веллинехь, цуьнан шен махкахоша талийна иза. Хьан долийра иза? Цуьнан уггар а тешаме ву бохучу Кибит-Махьмас шен тIилитIлахошца Гумалахь а, Урутехь а талийна цуьнан бахам. Гаурашна дуьхьало-м муххале а ца йора кхузахь, мелхо а, зурманца царна дуьхьалъоьху. Шайн вархIий дай денбелла схьабогIуш санна…

Арахь лаьтта Маккхал чу а вехна, шен секретарь Мохьуммад-TIaxIиp ал Карахи схьакхайкха аьлла, омра дира имамо. Дукха хан йалале диване гулбелира имаман везираш, Iеламчаш, наибаш.

ТIаьххьара а, цхьаъ бен боцу пхьарс лаьцна, ГIеза-Махьмас чувалийра Бенойн БойсагIар. Ах гуо бина Шемална дуьхьалбирзина хевшинчу Iеламчашний, наибашний йуккъе дIа а хIоьттина, шен туьра тIе тевжира иза. Моьнаша аьхначу цуьнан озачу йуьхьа тIехь, седа санна, лепа цхьаъ бен боцу бIаьрг, чуьрчу нахана тIeхула а кхерстина, имамна тIебогIабелира. ТIаккха, кIез-кIезиг хершнаш шарлуш, буьрса йуьхь йекхайелира, балдаш кIоршаме делаозийра. БойсагIаран майраллех хьоьгуш, даим цунна хьалха суждане оьхучу ГIеза-Махьмина хиира иза цхьа доьхнарг ала воллийла. Иштта ГIеза-Махьме хьаьжира БойсагIар масех бутт хьалха, иза лаца дас xIapa Бена вахийтича.

БойсагIар йуьхьанца тата доцуш вела вуьйлира, тIаккха, кIез-кIезиг хецалуш, кIажвахара. Имам цкъа вуьйхира, тIаккха, оьгIазвахана, кондарш санна, цIоцкъамаш ирхдахара, хьажа йуккъе буьрса шад гулбелира.

– Хьо стенах воккхаве, сан майра лом БойсагIар? – хаьттира цо, аз ца айдеш. – Кхечарна дагадеача а айса могуьйтур доцург ахь лелорах гечдеш, ас вуон Iамийна хьо. Амма, хаалахь, собар кхачалуш хIума йу хьуна!

Баьллачу бIаьргах хи тассалц вийлина БойсагIар, дог Iаьбна, эххар а сецира.

– Со мила ву, вийча а, ваьккхича а! – элира цо халла цIенкъа охьа а хууш. – Цхьа куьг, цхьа ког, цхьа бIаьрг боцу гуьйриг! Амма кортош даха дезарш кхебира ахь, хьоьстуш, тIе куьг хьоькхуш. Со стенах воьлу, хоьтту ахь? Дагестанера иэккхийна хьо тIе а лаьцна, хьох имам вина, ткъа шарахь гехь лелийначу нохчех воьлу-кх! Ткъа шарахь хьуна тешаме гIуллакх дира оха. Ткъа шарахь хьан сий лардира тхан наибаша. Амма оцу ткъа шарахь цхьа а нохчийн наиб а, Iеламча а хьайн диване ца хаийра ахь! Царалахь уггар гIийлачу, сонтачу санний, Iусманний кхаж бели-кх дуьххьара кху чу охьахаа! Тамашийна хIума дац xIapa? Ва-хьа-хьа-хьа! Вахьа-хьа-хьа!

– Тоийта забарш, БойсагIар! – човхийра иза Шемала.

– Ва-хьа-хьа-хьа! Ва-хьа-хьа-хьа!

БойсагIаран веларо догIмашка зуз хьадийтира чохь болчу нехан. Массо а кхеравелла дIахьаьжира цуьнга. Царна хаьара, имамо БойсагIаран сий дойла. Хаьара, имаман кIанта ГIеза-Махьмас xIoкху лаьмнашкахь уггар лоруш болчу нахах и цхьаъ хилар. Амма имаман буьрса амал а йевзара царна. Ша оьгIазваханчу минотехь бехкбаьлла стаг воьйтура цо. Виллина дIа йоккха шаьлта а карахь шена уллохь лаьттачу чаьлтаче.

– Йа АллахI, ма йаккхий йу-кх хьан къайленаш! – саца ца туьгура карзахе БойсагIар. – Iилманца, хьекъалца цIейахана Юьсп-Хьаьжа, Сулейман, Атаби! Майралла цIейахана ШоIип, ТIелхаг, Бота, Эска, ГIойтамар, Ботукъа, СоIдулла, Дуба! XIapa сурт шайна гича, ма бIаьргаш хье тIе бевр бара шун! Шуна цкъа а бIаьрга ма ца гира xIapa къайле йалсамане! Ва-хьа-хьа-хьа!

Шемална йевзара БойсагIаран йухахьара амал. Иза кхеро, къарван ницкъ бацара дуьненахь. Шена дуьхьало мел йин, дарлуш, карзахвуьйлура иза. Эриг ала витар бен, кхин дарба дацара.

– Мичахь бу, тхо неIаре а ца дуьтуш, ахь хьайца диване хийшийна хьан тешаме хьехамчаш? – имаман даг тIе туьха туьйсура БойсагIара. – ХIан? Мичахь ву бIаьрзе Коьр-Мохьуммад? Хьан стунда Джамаьлда? Iаьмарха, Дибир-Хьаьжа, Метлакъ-МуртазIела? Яхьйа-Хьаьжа? Ахь чета а боьхкина лелийна наибаш Кибит-Махьма, Денел-Бек, Албаз-Дибар?