– ХIарсса!

– Гора, Васал, йаI!

– Хорош!

– Ошшан хорош!

– Къонах ву!

ГIадбаханчу баккхийчу наха, доьхкарех схьайохуш, хIаваэ лоьцуш, тапчанаш йетта. Тхов тIехь цIевнаш йуккъе а лечкъина, доттагIчуьнга а хьоьжуш, воьлу Дакаш а.

Дакаш воккхаве. Хилча хIун ду тIом? Амма иза а йа оцу йуьртара цхьа a гIyp вац адамийн цIий Iено нехан махка, ткъа шайн Даймахка, шаьш динчу йуьрта йамартлонца гIертачух леташ лийр ву xIop а. Тахана чекхдолу ловзар. Тховса моллица мах бийр бу, тIаккха Далла а, нахана а хьалха цуьнан зуда йу хIинца кирхьанна тIехьа лаьтта Малика. Дала мукъалахь, чекхбер бу xIapa неIалт хилла тIом, Дала къарбина совцор бу паччахьан инарлаш а. ТIаккха и шиъ маьрша дехар ду. Хьуьна йуккъехь ирзо доккхур ду, ши сту а денбийр бу, йетт а хир бу, доьзал а кхуьур бу…

И ойланаш йо ловзарга хьоьжуш Iачу Дакаша. Йа цунна а, йа ловзаргахь волчу цхьанне а ца хаьа, сутара бага а гIаттийна, текхаш богIу саьрмак санна, царах цхьаболчарна Iожалла йохьуш, Iоса хьалха а ваьлла, дехьа peгIa хьаладолуш паччахьан эскар дуйла. Ца хаьа, и эшарш лоькху мехкарий кестта шайн дайн, вежарийн декъаш тIехь боьлхур буйла, дуккха а къонахех дуьне дуьсур дуйла, иттаннаш байш, жоьра бисина зударий суьйранна шийлачу хIусамашка декъашна гонаха ховшур буйла.

Дехьа регIаца ха дечу бIаьхоша, кхерам герга буйла хаийта, кIур беш, цIераш латайо.

– Къонахий, маьждиган майдана гулло! Зударий, бераш орца довла! – хеза маьждиган момсар тIера схьа.

Хаам хIор а хIусаме кхочу.

Ца хеза кхузахь боьхна, кхерабелла хьоькху маьхьарий. Оцу кхерамашлахь бахчабелла зударий а, бераш а. Кертех тийсинчуьра схьа а достуш, тIемалойн дой тIеийзадо божабераша. Безачийн дегнаш гIовтто, цаьрга а хьуьйсуш, эсала белакъиэжа мехкарий. Йаххьаш йоьлуш йелахь a, хIор а йоьIан кийрахь шийла ша бу. Минот йалале дойшна тIебевлла кIентий маьждиган майдана хьолху. Шай-шайн цIа дIасабекъало зударий.

Дакашан керт йассало. Массарел хьалха ловзаргара дIабевлла цуьнан вежарий – Iожу, Саьмби, Ловда, Луду. Вахана цуьнан ший а денваша – Мидий, Мусий. Герз буйна лаца ницкъ берг массо а мостагIчунна дуьхьалвахана.

Веккъа цхьа Дакаш, майра Дакаш ву-кх йуьртахь зударшца виснарг…

Дакаш, дегI ма-дду нислуш, хьалагIотту тхов тIехь.

– Хьо ву-кх, дада, дуьххьара тIедеана сан ирсан де кхолийнарг, – боху цо гушвоцчу дега, дехьа peгIa а хьоьжуш. Иза цуьрриг шек вац эскарш далош вогIург шен да хиларх. – И «совгIат» а дохьуш вогIу хир ву хьо хьайн дукхавезачу кIентан ловзарга. ХIан-хIа, Iоса, сан докъа тIехулий бен лам чу гIyp вац хьо!

Тхов тIера охьаиккхинчу Дакаша, божала воьдий, нуьйр туьллий, шен сира дин араозабо.

ТIаккха, воьдий, нускал долчу чуоьккху иза.

Нускалца цхьаьна цIа чохь йу Дакашан йиъ нус. Цуьнан хьажарх кхетта уьш йиъ йист ца хуьлуш арайолу.

– Малика, таханлерчу дийнахь хьайн майра мичхьа хила лаьа хьуна? – хотту цо, шен нускалан куьг а лоций. – Хьоьца кирхьанна тIехьа а хIоттий, дехьа регIахь мостагIийн тарраша цоьстучу, дIаьндаргаша эгочу йуьртахошка а хьоьжуш, цIахь Iе со йа царна йуккъехь сайн меттиг дIалаца ас?

Маликин кийра хьийзаш сийна цIе йу. Шен дог алу тIехь доттуш, морцуш, хебаш хетало цунна. Амма цо садетта, цо майра къурдаш до логе хIуьттучу шодана.

– Малика, хьо йист хIунда ца хуьлу? Йезарг къастош, гIалатваьлла хилла-те со? Йа наха, зудчунна тIекхаччалц бен къонах ца хилла Дакаш, ала лаьа хьуна?

– Йуьртахошна тIаьхьа гIуo, Дакаш, – хеза Дакашна Маликин эсала аз. – Цига ваханчу хIораннан а цIахь доьзалш, безарш бисина. Хьо хIинццалц хилла Дакаш хила лаьа суна даим а. ДIагIо, Дакаш, баьлла бехк боцуш вай хьийзочу Делан мостагIех бекхам иэца!