Аьрзу цIахь ца карийра. ЦIахь хила йиш йацара цуьнан. Шелахь ши-кхо де даккха дезаш гIуллакх хилла, ваханера и Маккхалца.
ЦIа чу а хиъна Iен дог ца догIура Iелин. Самукъадала хIума дацара мискачу хIусамехь. Дийнахь къеггина малх хьаьжча а, халла cерладолура коре ахкаргаш лецна цIа. Иштта бегIийла дара. Iаьнан дохалла товхано тийсинчу кIуьрой, кIурзаший дуьзна пенаш а, тхов а серлабала башха лууш а вацара иза.
Айза ша аьлла хьолтIамаш йан йуьйлира. Башха, цецах доккхуш, жуьйр къасто ахьаран шорто цахиларна, цхьа кад ахьар текха а хецна, иза мижарг хьакхо йоьлча, сагатделла араваьллачу Iелас кертахь дан гIуллакх лехира. Дан оьшуш, сихо йолуш хIума ца карош, дIаса а хьийзина кех ваьллачу цунна лулахочун Васалан кетIахь цуьнца къамел деш лаьтташ йуьртда Iоса гира. Васалан зуда Мархет цомгаш меттахь Iуьллу дукха хан йара. Цуьнга хьовса адамаш дукха оьхура, амма Iоса ишттачу меттехь шена хьалхенгахь ца гаро цецваьккхира иза. Оцу шина-кхаа дийнахь ша Мархетна тIе ца хIоьттина дела, цига дIаволавелира Iела. Ша тIекхочуш, цунна хезира вукхушиммо йохка-эцар хьехош.
– Дохка суна и хьайн кха, ахь цунах бан пайда бац.
– ХIан-хIа, и хьехо а ца оьшу. Кха дохка йиш йац сан, – корта хьийзабора Васала.
– Ахь хIун до цунах?
– Наха шайчех дийрриг.
– Нах-м шайниш дуьйш-дерзош бу, ткъа хьайниг xIop а шарахь тIе къух долий лаьтта.
– Ас сайниг а охур ду.
– Стенца? Хьан-х кертахь, беа кога тIехь хьайба хьовха, атталла цициг а дац. Ткъа ас хьуна цунах гали хьаьжкIаш лур йу.
– ХIан-хIа, Iоса, латта дохка йиш йац сан. Со лахь, берашна а дезар ду иза. Наха аьтто бахь, охур ду ас, ца бахь, стохка санна, дуьсур шена.
– Делахь хIета, хьайх йохку сан гали хьаьжкIаш схьало.
Васал воьхна хьаьвзира.
– Гурахь лур йу ас…
– Гурралц Iойла дац. Йа сан хьаьжкIаш схьало, йа хьан кха ас сайна оху. Кхо де хан йу хьуна.
– Делах мукъана кхерахьа, Ioca! Ас хIун дан деза цIа дуьззинчу берашна?
– Суна кхаба тIеэгна-м дац хьан бераш? Хьайга кхабалуш доцу синош дуьнен тIе ма даха!
ТIекхочуш воллу Iела а гина, кхин хIумма а ца олуш, дIаволавелира Ioca.
– Ассалам Iалайкум! Суьйре дика хуьлда хьан, Васал!
– Ва Iалайкум салам, марша вогIийла хьо а, – чевно чолакхдина куьг схьакховдийра Васала.
– Муха Iаш йу Мархет, гIоли йуй жимма а?
Iocac догдохийна волчу тIе а гIелвеллачу Васала доккха садаьккхира.
– Ва Дела аьлла гучуйолуш гIоли ма йац цунна-м, Iела. Хьо ирзо аьхна велин?
– Ца ваьлла. Кхана делкъале вер ву.
– Иза-м цхьана дийнахь аххал бен ма дацара, хьо ма хьевели?
– Балла боллучу шина старца ахалац.
– Хьенан сту боьжна ахь хьайчуьнца?
– Чориниг.
– Цхьа сту мукъана а белхьара, цхьаьнца декъа гIyp вара со а. ХIинца дан хIумма а дац. Со санначаьрга шайна болх а бойтий, цунна дуьхьал цаьрга шайн кхаш аха стерчий лора IосагIap. Цхьаммо а со шайна балха ца вуьту. Ioca ву сан кха дIакхалла гIерташ. Цуьнца барт бу ШахьбигIерийн, ХортIагIерийн.
КетIахь Iуьллучу гула тIе а хиъна, луьлла томкех йуза волавелира Васал.
– ГIел ма лохьа, Васал, цхьа Дала дайттинарг дийр ду вай, – цуьнан догъоьцуш, белша тIе куьг туьйхира Iелас. – Иза-м вайн дан гIо долуш гIуллакх дара. Мархет толахьара цкъа.
Васал арахь а витина, чувахара Iела. Боданечу цIа чохь цхьана сонехь, тIехула мекха текхийча санна, эттIа, маьI-маьIIехула тIаргIа арасийсинчу йургIанна кIел меттах ца хьовш аркъал Iуьллура Мархет. Мацах цкъа куьце хилла цуьнан горга йуьхь, хIинца, чохь са доцуш санна, можа, массо даьIахк тIе а йаьлла гора. Йуххехь хи чу боьллина иттех кхор чохь кхийра кад лаьттара.
– Мархет, хьуна гIоли ца хуьлу? – хаьттира Iелас, улло охьа а лахвелла.
Мархета шен йуьхь Iелегахьа йерзийра.