Каде динара а воьссина, кхин дIасахьажар доцуш, цIа чу волавелира Кундухов. Цо урх тесна йитина говр, йиэгa а йелла, бай тIе тIа детта йуьйлира.

Дукха хан йалале чувеанчу Лорис-Меликовн адъютанто Золотаревс, Кундуховс ша тIеэцар доьху, элира.

– Чувола ала, – кхоссар а йина, вусавелира Михаил Тариэлович.

Шаьшшиъ ший а кавказхо а, цхьана гуонан ши стаг велахь а, Кундуховга безам ца летара Лорис-Меликовн. И цабезам хила бух а ма бацара. Кундухов хьуьнаре инарла а, говза дипломат а, хIокху ламанан халкъашлахь лоруш стаг а ма вара. ХIетте а, цуьнга ладоьгIча, леррина хьаьжча, оцу арахьарчу куьцаний, хьекъалечу къамелний тIаьхьа шалхо хиларх шеквуьйлура. Амма империна дикка гIуллакхаш дина, Петербургехь йаккхий зIенаш йолуш а стаг иза хиларна, мел ца лаахь а, Кундухов лара дезара Лорис-Меликовн. TIe, дукха хан йалале xIapa берриг ламанхой гучуьра бовларе догдохуьйлаш хиларо дагна маслаIат а дора цунна.

– ОxI, сан хьомсара Муса Алхазович! Мича махо валий-те хьо со волчу!

БIаьргаш а, йерриг йуьхь а йекхайелла, Кундухов маракъовла санна, ши куьг дIаса а тесна, кегийра гIулчаш йохуш, цунна дуьхьалвахана, иза, пхьарс лаьцна, гIиллакхехь кIедачу гIанта тIе валийра цо.

Ша дуьхьал охьа а хиъна, хаттаме хьеше хьаьжира Михаил Тариэлович.

– ТIаккха, хьомсарниг, хIун ду керла? Оцу хьайн Скут-Кохахь дукха сагатдой ахь?

Гоьл тIе ког а боккхуш, гIантан гIовли тIе куьйгаш дехкира Кундуховс.

– Лаьмнашкахь мичара хезар дара керланиг? Уьш кхузара, Владикавказера, дIа ма кхочу тхоьга. Цул, ахь дийцахьа, Михаил Тариэлович, хьайн гIуллакхаш муха ду?

– ХIун аьлла жоп лур дара хьуна? Со кхузахь волу шо а ма ца кхаьчна. ЖамIаш дан тIех кIезиг хан йу иза. Доцца аьлча, планаш йаккхий йу, ткъа динарг кIезиг ду.

– Цуьнан императоран воккхалло империн уггар хала а, чолхе а область йелла хьан кара. Цо гойту, иза хьох чIогIа тешаш а, догйовха а хилар.

Цхьана минотана коьртера дIайевлла чолхе ойланаш, уьйриг хилла, йуха а чухьаьвзира. Лорис-Меликов, везза хьала а гIеттина, доца ши куьг тIехьа а диллина, кегийра гIулчаш йохуш, чухула дIасаволавелира.

– Бакъдерг аьлча, Муса Алхазович, государь-императоро и тешам сайна баларх дозалла до ас. Амма хала ду-кх кхузахь, инзаре хала. Ша Дела воцчунна басталур бац хIара шайтIанийн шад. Кхин хила амал доцуш, йухахьара къам ду и нохчий. Кхузара тIом чекхбаьлла моьтту массарна а. Ткъа иза аьттехьа а доцийла, хьуна ма хаьа. ХIокхеран къармазаллий, сонталлий фанатизме йирзина. Кху махкара дисинчу дерриг а къаьмнаша вайн гражданалла тIеэцна, дуьхьало йоцуш Iедална текхамаш а бо… Амма Нохчийчохь иза хьеха а ца дойту. Бехк ма биллалахь, Муса Алхазович, сапаргIат дийцалац соьга.

– XIаъ, хьан локхалла, чIогIо бIар ду Нохчийчоь, – элира Кундуховс, шен Iаьржа-месалчу мекхашна куьг а хьаькхна. – Цунна къера хила дезара тоххара. Закавказера а, Дагестанера а къаьмнаш къардан атта хилира вайна. Цигара хьалхалера Iедал вайчуьнца хийцичхьана, дерриг а дIанисделира. Церан тIулган лаьмнаш колонизацина дезар дацара. Вешан гIорторашна цигахь оьрсийн цхьа йурт йа штаб-квартира йилларо, мохк шуьйра хиларна, меттигерчу халкъийн бахамаллин дIахIоттамна новкъарло ца йира. Цул сов, вайца йеххачу хенахь биначу тIамо талийна, чIанабаьхна, гIелбина Кубанан областера ламанхой а, шайна йукъа гIалгIазкхий ховшо болийча, уллохь хIорд хиларо аьтто бина, Турце а кхелхина, вайна дуккха а латта мукъаделира. Цигахь бисина меттигера кIеззиг бахархой вайн правительствона кхераме хуьлучуьра бевлла, ткъа хенан йохалла, колонисташна йукъа а ийна, уьш лар йоцуш бовр бу. Буххенца кхечу хьелашна, кхечу халонашна тIеIиттаделира вай, Нохчийчохь вешан Iедал хIотто доьлча. Цкъа-делахь, областехь бIе эзар гIалгIазкхи ваха хаоро гатте йина нохчий шайн хьалхалерчу бахамаллин кепех бохийна. ШолгIа-делахь, дIасабовла меттиг бац церан. Къилбаседехьа – йекъа, йаьсса гIамаре аренаш, къилбехьа – лекха тIулгийн лаьмнаш. Оцу хьелаша вайна некъ боьхку гражданство тIеэца Iемина доцу и къармазе къам областал арахьа даккха. Доллучул а вайна хало йийриг кхин а ду – уггар токхе ах мохк цаьргара вай схьабаьккхинехь а, церан долахь стратегин Iалашонна доккхачу маьIне болу важа мохк бисар.