Доцуо делахь а, мела а философин чулацам болуш а ду Хьаьлиман «Зударийн саьхьарло» ц1е йолу дийцар. Дика делахь а, вон делахь а, кхин 1алман суьрташца басарш ца кегош, шена дика евзачу адамийн амалшна, дог-ойлана т1е тидам бахийтина авторо х1окху дийцарехь а. Кхин цхьаъ а ду, вай хьалха ма-къасттора, Хьаьлиман шен дешан говзаллица аьтто баьлла х1окху дийцарехь а, нохчийн къоман барта дийцарех пайдаоьцуш, шен дийцаран чулацамца дийна цхьаъ хуьлуьйтуш уьш иэдан. «Зударийн саьхьарло» дийцарехь Хьаьлима пайдаэцна шина нохчийн забаре дийцарх.
Х1окху дийцарехь Йагица цхьана жигара дакъалоцуш ву х1окхуьнан ши накъост Шовхал, Хьаьппи. Сюжетан коьрта ойла хьаьвзи зударийн, божарийн амалш самсаяхарна гунаха. Йагин зудчуьнга Босбикига мукъна а дош ца кховдош, и амалш кегошберш шаьш божарий бу, цундела куьгбехке лоруш а х1окхара зударий бу. Кхузахь еккъа ц1ена божарийн монологаш а ю. Амма коьрта сюжетан сиз ду, зударех Йагин накъосташа дуьйцург, х1ара хьовзош-тусуш, шен Босбикина чу а хохкуш, шайн жимма самукъадаккха лерина х1оттош кеп. Йага-м кхета мегар дара, шен накъосташа, шаьш бакъ хиларан тоьшаллина, далош дерш халкъан забаре дийцарш хилча, уьш бегаш буй. Амма и ца тешаран авторо хьалха х1оттийна 1алашо а вайна дийцаран чаккхенехь гучудер ду. Цкъачунна-м Хьаппис, Йага зударийн саьхьарлонах тешийта, дуьйцучу инзаре хаза беламе дийцарех 1ехавелла. Хьаппин дийцарехь зудчо-м ша саьрмик болу ор чу кхоьссича а, и т1е а ***й хоьхку. «Саьрмикна х1ун ю зуда, цкъа кхаллал х1ума бен яц!» – ойла дага ца йог1у Йагина, иза-м х1инцале а Босбикех цатешаман бух кхуллуш ву ойланашкахь.
– Уьш-м туьйранаш дара! – боху Йагас, амма оцу туьйранах иза теша кийчча ву. Оцу шен тешам т1ехь иза ч1аг1веш, Хьаппис дийцинарг бакъдеш, Шовхала а дуьйцу халкъан дийцар шена хезча-м ца олу Йагас «уьш туьйранаш дара!» Цо хазахетарца, т1араш тухуш, т1еоьцу иза. Х1инца иза дика тешна вог1уш ву шен Босбика а царех цхьаъ хиларх. Йага ч1аг1о йолуш тешийта, Хьаппис кхин а т1етуху, зударша, йо1 ненан ирс лоруш, к1ентий ца бо, олуш дицарца.
Х1инца-м вист ца хуьлуш тапъаьлла 1ара Йага. Амма иза кхин метта ца воуьйту вукхушимма, кхин а зударийн мекарлонех дуьйцуш. Ткъа шен Босбикина оьг1азвахна Йага-м вац цара дуьйцург хезачохь а. Йагина дагадог1у, ша Босбикига шена к1ентий беза бохушшехь вукхо йо1арий дуьнен чу бохуш хилар.
– Х1ан, 1одика йойла! Со д1авоьду, – ц1аьххьана Йагас аьлча, ши накъост кхетта шаьшшимма аьлларг кхочуххиларх. Цара-м, сацо г1ерташ, г1еххьа дехарш а дира, амма Йага д1авахна дукха хан ялале цунна т1аьхьа вахара и шиъ, шаьшшиннан синкъерам хьалха буйла кхетта.
Йагас ша чукхачарца сиха долийра шен Босбикица дов, къайлаха ладуг1учу накъостийн самукъадоккхуш, Босбика а елаелира Йагас дуьйцург хазахетта. Амма ц1индас пеша хьалхара схьаэцна дечиг детта долийча, Босбикина орцахбевлира къайлах ладуг1уш хилла Хьаппий, Шовхаллий.
Авторо философин х1илланца чекхдоккху шен дийцар. Босбикин бутт сов зама яьлча доьзалхо хилира. Иза к1ант вара…
Бурчаев Хьаьлиман дийцарш шен меттан башхаллашца а кхечу авторийн дийцарех мелла а шен юьхь йолуш къаьсташ ду. А. П. Чеховс ма-аллара: «Йоцалла – пох1ман йиша ю». И дешнаш ду, аьлча нийса хир ду, Хьаьлиман дийцаршкахь коьртаниг. Цул а мехалниг, и дийцарш вайна ч1ог1а юххера хилар ду, уьш вайн дахар юккъера говзачу куьйгашца схьаэцна Хьаьлима.
Нохчийн къомо х1инца кхуллуш, карладохуш, шардеш ду шен турпалхойх Чорех, Молнесартах забаре дийцарш. Хьаьлиман Йага а ву, цхьана меттехь ца лаьтташ, ч1ог1а йоккха т1аьхьало хир йолуш турпалхо. Цуьнах Хьаьлиман кхин а дика дийцарш х1инца а язданза ду, аьлла хетта.