3-Дийнат ялтан т1оьхула лелаш ялтан т1е кхеташ долу дийнати хьатан, кхон геч дина.

Дийнат узуш схьаяьллу шура чу дужу кхон а хьат1ан а геч дина нагахь санна шура чу доьжна кхо а хьат1 а дукха дацахь, шура хийцал39. Амма иза дукха хилла цо шура хийцнехь, т1аккха и шура нажас ю. Ца хийцнехь нажас яц.

Дийнати шин т1ехь йолу нажас шура чу йожарна а геч дина.


4-Ч1ери боьхал хи чохь йолу геч дина, нагахь санна цунах хи хийцаделла дацахь. Олахзарийн40 боьхалан геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера. Иза т1екхетта меттиг ц1ена лору, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.


5-Дийнатан урс хьокхучун т1екхеташ долчу ц1ийна геч дина, дийнатан урс хьаькхина вортан чуьра дог1уш хилда иза я жижигица хилда иза. Амма урс хьокхучун т1е кхетта ц1иш дукха хилахь, т1аккха царна геч ца до, д1адаха деза бедар т1ера.


6-Беро декхачу хена хьала1аьттинарг. Амма яах1ума яа дола делча 1аьттинарг д1аяккха еза, цунна геч ца дина.

Вижина волучуьн багара оьху шаттан геч дина, иза даима хуьлуш ялахь. Амма наггахь бен хуьлуш яцахь, бага ц1ан ян еза.


7-Некъаца хуьлу хот шеца нажас йолу, иза т1е кхетча цунах геч дина, х1унда аьлча цунах ларвала хала долун дера.


8-Меже яьккхича охь 1енаш ц1ий доцу са долу х1ума, ша коча х1уман чу йоьжча я цхьам цу чу кхоьссича, иза цу чохь елча цунах геч дина. Амма коча х1уман чу эгна елла йолу чохь са долу х1уманаш дукха хилла цара коча х1ума хийцнехь41, т1аккха и коча х1ума нажас лору.


9— Ши б1е (200) литр доцучу хинчу б1аьрго ца лоцу жима нажас йоьжнехь, цуьнца хи хийца ца деллехь и хи ц1ена ду.


– Ши б1е (200) литр доцу хинчу са долу х1ума42 йоьжьна еллехь, масала: моз, чуьрк, чхьоьриг, бумбари, зинтиг иштта царех тера кхиерг а, и хи т1ох1у́р хуьлу. Хи чохь цуьнан меже яьлла ц1ий далахь а хи т1ох1у́р хуьлу.

Амма хи ши б1е литр далахь а я дацахь а, цу чу легна са долу х1уманаш дукха ялахь, уьш яла елла цара хи хийцинехь, т1аккха и хи лело мегар дац, нажас хуьлу иза.


Х1ара дериге ду нагахь санна са долу х1уманаш хи чу легаш дийна хиллехь. Амма стага елла са долу х1ума хи чу кхоьссича хи нажас хуьлу, хи ши б1е (200) литр далахь а я дацахь а. 200 литр далахь, цу чу кхоьссина елла х1умано иза хийца ца хийцнехь иза ц1ена ду.

КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: ПХЬЕГ1АШ

Муьлха ц1енчу х1умах йина пхьег1а ц1ена ю, ц1аналлехь43 лело мегар ю, и пхьег1а т1улгах я дечигах я ц1оках я джовхарах я кхечу муьлхачу ц1еначу х1уманах йина елахь а. Цунах юккъера доккху деший, детий. Деши, дети нажас дац, ц1ена ду и шиъ, адамо шен г1уллакхашкахь лело мегаш ду. Амма дешех, детехь пхьег1а ян магийна дац, хьарам ду иза. Дешин, детин пхьег1аца яах1ума яа а, мала а магийна дац. Цершинца хи лелош ламаз эцар, лийчар хьарам ду. Иза дериге стагна а, зудчунна а цхьабоьсса хьарам ду. Дешех я детех йина я и шиъ т1етоьхна44 цхьа а х1ума лело мегаш яц, масала: х1ума тоьгу маха, церган юкъа 1утту х1ума, кхи йолу муьлха х1ума а.

Иштта дешин, детин пхьег1а цхьанни х1умангахь лелош яцахь а, чохь д1ах1оттина латто а хьарам ду. И пхьег1а шегахь лелор магийна дац шарий1атехь.


Иштта хьарам ю дешех, детех йина яцахь а, и шиъ т1оьхула т1етоьхна45 йолу пхьег1а. Нагахь санна шен т1е деши я дети тоьхна пхьег1а ц1ар т1е лаьцча цунахь цхьа жиммал а деши схьадалахь я дети схьадалахь, и пхег1а хьарам ю. Амма шена т1е деши я дети тоьхна пхег1а ц1ар т1е лаьцча цунах цхьа жиммал а деши я дети схьацадалахь, и пхег1а лело мегаш ю.


– Пхьег1ан йома йилла мегаш яц дешех, йома къезиг ялахь я йоккха ялахь а. Дешех жима я йоккха йома йиллина пхьег1а хьарам ю.

Амма пхьег1ан дети жима йома йилла мегар ду нагахь санна пхег1ан дети йома тоха хьашт далахь. Амма хьаштан детех йоккха йома тоьхна пхьег1а лелор дика дац, амма лело мегаш ду, лелор хьарам дац, ца лелича мелехь ду. Амма пхьег1ан дети жима йома хазаллин тоьхнехь, и тоха хьашта доцуш и пхьег1а лелор дика дац, ца лелийча мелехь ду, лелийча къа дац. Амма пхьег1ан дети йоккха йома хазаллин тоьхнехь, хьашта доцуш иза тоха, и пхьег1а лелор хьарам ду. Амма дети йома йоккха я жима хилар нехан 1адате доьрзуш ду. Цара йоккха лорург йоккха ю, жима лорург жима ю.