Хелипата аьллачо Зануна дагадаийтира бІаьста, гуттар шайн гІаддайча, ша куз бохка йахар. Иза бара шиъ-ах метр шуьйра, кхоъ-ах метр беха, хаза кечбина гІажарийн куз. Зану Маиле йеача, ден-цІа а йахана йуха йогІуш нанас совгІатна белла. Зануна хезнера, и куз мацах цкъа шен денанас, гомаш а йоьхкина, эцнера бохуш. Шаьшшиннан долара дерриге хІума доьхкинчул тІаьхьа а ца бухкуш, Занун ден а, ненан а безамна Іалашбеш латтабора цаьршимма иза. Амма кху Іай цІеххьана цомгаш хилла, вехха меттахь висинчу Маилна кхачанна кхин дан хІума а ца хилла, иза бохка арайелира Зану. Цхьана кертара вукху керта хІуьттуш, йуьртах чекхйелира иза. Безачу кузах цуьнга кховдориг йа ах кийла даьтта, йа жимо ши хьокхам хуьлура. Хьанна хаьара, луларчу йарташкахь, къаьсттина царна бархІ километр генарчу узбекийн йуьртахь хІуттучу базарахь кузах ах мах бала а мегара. Амма Занун а, йа цхьана а нохчочун а бакъо йацара комендатурин бертаза цига ваха. Ткъа Маилан (цунна дукхавезачу, цуьнан гІийлачу Маилан) кийра рицкъа дахаза масех де дара. Куз луччух дІабохка дийзира. Иза суьйранна цІа йеара, ах кийла даьттий, ши кийла нехчий, цхьа кийла хьаьжкІийн ахьаррий дохьуш…

– Хелипат! – чІоггІа йистхилира Зану, иза уллохь йоцуш, ткъа цхьана генахь, мохь тоьхча ца хеззехь йолуш санна.

– ХІун боху ахь, Зану? – цецйаьлла хьалатаьІира Хелипат.

– ХІун бехк баьлла доьхкина вай кху къизачу Іазапе? Ма хала ду хІара лан! Цхьа бехк баьлла, таІзар токхуш делхьара а хІумма дацара. Бехк-гуьнахь доцуш цІийнах, махках баьхна бІарзбина лело зударий, бераш… ХІара-м адамана дуьйцу а цахезнарг дай, Хелипат… Стенна бехке ву и велла Іуьллу воккха стаг, вайша, кхин а эзарнаш? Вай хьанна хІун дина, Хелипат?…

Зану, саца а сецна, жоп доьхуш, Хелипате хьаьжира. Хелипатна гира оьгІазаллех буьзна богу Занун Іаьржа бІаьргаш, йолчу тІе а макхйелла йуьхь, хорша йеача санна, йего чІениг, вовшехйеттало цергаш.

– Хаац, Зану. Суна хаац… Кха тІе а йахана, нийсса цIа йан а халла хууш къанйеллачу суна ца хаьа хьуна жоп дала. Хьуна дешар хаьа, Іедалан балхана йуккъе а гІиртина. Сол хьекъал долуш хир йу хьо.

Маржа дуьне йаІ-кх! ДІа мел боккхучу кого, олучу дашо карлабоху-кх генара Даймохк, ирсе кьоналла!

«Хьуна дешар хаьа, хьо Іедалан балхана йукъа а гІиртина…»

Карладийлира йуьртарчу школехь доьшуш Іийна шераш, Маилца цхьаьна ворхІ класс чекхйаккхар. Ша йуьртан библиотекехь болх бина ши шо. Дуьххьара йуьртахь вовшахтоьхна исбаьхьаллин цхьаьнакхетаралла, Соьлжа-ГІалахь нохчийн театран сцени тІехь шаьш концерт хІоттор; «Ленинан некъ» газетнн йоьалгІачу агІон тІехь зорбатоьхна ша а, Маил а цхьаьна хелхадолуш даьккхина сурт; шайн коллективан кхиамех лаьцна радио чухула дуьйцуш, доккхадеш дог детталуш, ша ладегІар. ХІетахь… xIeтахь – и шиъ къона дара… Занун йалхитта шо, Маилан – ткъайасна шо. ХІетахь тІом бацара, адам маьрша дехара, хІораннан а бешахь йара ирсе бІаьсте. Хьанна хаьара, хьанна моьттура…

«Гур буй-те йуха Даймохк? Гур дуй-те кхин нохчийн маттахь газета, книга?… хезар дуй-те радио чухула ненан маттахь къамел? – хоьттура цо ша-шега, бІаьргех оьху дуьра хиш дІа а хьоькхуш. Ткъа Маил тешна ма вара тхуна тІехь хІоттийна хІара хьал Сталинна ца хууш, иза Іехийна, хІоттийна хиларх, дерриге ма-дарра шена и хиъча, цо тхо тхешан махка дерзориг хиларх… Ткъа Маила цкъа а ца олура харцдерг…».

Зану тешара мацца а цкъа шаьш дай баьхначу лаьтта тІе доьрзург хиларх. ХІораммо а санна, цо а шаьш новкъа девр долу денош дохкура. Новкъа йогІуш цхьаьний пхи-йалх машина гича, станцешкахь йаьсса лаьтташ цІерпоштан вагонаш йара аьлла хезча, хІор а дог теший хуьлура уьш шаьш дІадига кечйина хиларх.