Цу дийнахь хиира суна сайн дахарехь коьрта меттиг дIалоцур йолчу стеган къизачу кхолламах лаьцна.
– Хьо дуьнен чу а йалале, аьхкенан цхьаьна довхачу дийнахь оьрсийн эскара Довта-Мартанан гуо лецира. – долийра шен къамел сан денанас. – Йаьккхий тоьпаш йетташ, хIаллак йира цара йурт. Божарий аьхкенан белхаш беш, цIахь боций хууш, тешнабехкаца тIелатар динера оьрсийша. Маьхьди а вацара цIахь. ЦIа кхаьчча цунна гира йохийна шен хIусам а, йийна зуда а. Зудчунна букъа тIехьа, набаро товжийча санна Iохкура делла бераш. Ша чевнаш хилла йоллушшехь, бераш тоьлана чохь дIалачкъо аьтто баьллера зудчун, амма уьш хIете а садукъделла деллера, оьрсийша цIенох цIе тассар бахьана долуш. И сурт шен бIаьргашца гиначу Маьхьдис, цу мIаьргонехь дуй биънера шен доьзалах а, хьомечу йуьртах а чIир иэца. Шен дерриге а дахар чIирана дIаделла цо хIетахь дуьйна. ХIинцалц Дала аьтто беш, схьавогIуш а ву иза – элира сан денанас, ша дийцинарг тIечIагIдеш санна.
Сан кийра цIе латийнера цу дийцаро. ХIетахь хиира суна халкъан чIирхо бохучу дешан маьIна. Суна цкъа а гина вацара и стаг. Суна хаьара иза сан да хила мегар долуш воккха вуй, амма къонахчун амалах хьаьгна долу сан аьрха са, цу стеган сине гIертара. Сино хоржуш хиллера заманан майданахь мила ву шена уллохь оьшург.
– Зуда стенна ца йалайо цо? – хаьттира ас дегочу озаца.
– Дош делла ву иза, герзаца йихкина йукъ, шен доьзал хIаллак хиларна бехке волу, тIаьххьара мостагIа вийча бен йостур йац ша аьлла. – ойланашка йахара сан денана. – Зуда а хилла боху цуьнан исбаьхьа хаза. Иза йицлуш а хир йац цунна, амма мел хаза а, жима а зуда хьакъ йу цунна. И санна волчу къонахийн тIаьхье оьшуш хьал ду вайн къомехь.
Цхьаммо неI тухуш, хадийра сан дененаца хилла къамел. Цул тIахьа Довта-МартантIера доьналла долчу чIинхочух лаьцна кхин хIумма а суна ца хезира. Сан дененаца и къамел хилла кхо-диъ шо дIаделира. ХIетахь суна дуьххьара гира иза со гIумкойн Эндерей олучу йуьртахь хьошалгIахь йолчу хенахь. Сан дененан ден Ташу-Хьаьжин нана тарковски эланашах схьайаьлла гIумко йара. Со бабица кест-кеста цаьргахь хьошалгIахь хуьлура. Тхойшиъ цаьргахь хьошалгIахь йолчу цхьаьна сарахь хIусамдай цIеххьана дIасхьаида буьйлабелира, цIентIехь кечамаш беш. Церан къоначу несе хаьттира ас хIун хилла.
– Цхьа беза хьеший бу боху богIуш! Ламазаш дина, йууучух кхетта, хье ца луш, дIагIур бу уьш – элира соьга йедда йоьддушшехь несо. Церан хIусам йоккха а, сирла а йара. Кертахь кхин а масех гIишло а йара. Со зударийн агIонехь йара, ткъа тхуна дуьххьал долчу цIа чохь кечамаш бара беш, хьеший тIеэца. Сан башха боккха бала бацара цигахь хуьлучун, амма цIеххьана сан дог тIекIалделира зударийн къамелаш хезча. Цара дийцарехь кхуза богIуш берш Довта-МартантIера нохчий а, гIебартой а бара. Со сихонца кора йисте хьедира. Корах тессинчу кIади тIехьа а лечкъина, ара хьаьжира со. Дакххий кевнаш дIадиллича, чоьхьа велира пхи бере. Ламанхой говрашкара каде охьалилхира, ткъа хIусамдайша дегайовхонца маршалла хоттуш, тIеийцира уьш. Хьешийн тобанна хьалхаваьлла вара леккхачу дегIехь, къоьжа маж а йолуш, тайначу аматехь цхьа ламанхо.
– Марша вогIийла хьо, Маьхьди! Ма дика ду хьуна тхан йуьрта богIу некъ бицбелла ца хилла! – маракхийтира цунна хIусамда.
Со кхийтира сайна гуш верг Довта-МартантIера халкъан чIирхо Маьхьди хиларах. Цуьнан къамел суна дика хезаш дацара. КIеззиг сайна хезначух со кхийтира уьш ламазаш а дина, дIагIур хиларах. Суна гира Маьхьдин йуьхь-сибат. Иза хIумма а дахаро а, дахарехь лайначу балано а гIелдина, къандина дацара. Муьлхха а жимха санна доьналлех воьттина вара иза, ткъа цо дIайоккху хIора а гIулчаца, дIакховдош долчу куьйгаца гуш йара нохчийн къонахчун оьзда амал. ГIодайукъ йихкина долу герз а нисдеш, байн ког боккхуш, чоьхьа велира иза. – соцунгIа йира Цацас, йехха коре а хьоьжуш, синтем бойначу шен къоналлера и ирсе сурт бIаьргашна дуьхьалхIоьттича санна, ойланашка а йахана.