Паччахьан Iедалан къиза а, боьха а хилла политика кхайкхаза хьаша хилла, герзан ницкъаца кхечира Кавказе, шеца зулам а доьхуш. Цу Iаьржачу ницкъаша Кавказан хийла къаьмнаш хIаллак дира. Маьрша адам лайн амале дерзо гIиртиначу цу Iедало бен доцуш цIий Iанийнера Кавказехь. Цуьнан Iалашо цхьаъ йара адаман кхетам кагба, цу адамна ша цхьаммо дола дан дезаш долу дийнат ду моьттийта.

Мел чIогIа ницкъ болу пачхьалкхаш а мацца йоьхна а йухур йу, шаьш дуьненан дай хеттарш белла дIабевлла, амма чаккхе йоцуш йу хир йу бартаца, нийсонца дахар кхуллучу къаьмнаша дуьнен чохь йуьтур йолу лар. Нийсонан бакъонаш йоцучу махкахь даима а коьртехь ницкъ а, ахча а хир ду, цундела ишта пачхьалкхан даима Iалашо хир йу нехан маршо дIакхалла, цуьнан сурсатех а, Iаламех а шена пайда оьцуш. Иштачу ницкъашна дуьхьало йалур йац кIиллошка. Боккъалла а кIоргера кхетам а, майра дегнаш а долчеран бен аьтто бер бац шайн сирла ойла дуьненна кховдош, къиссам латто.

Ширачу заманехь дуьйна даима а мостагIашца латточу къиссамехь кхиъна йу нохчийн къоман лаккхара син-оьздангалла, доьналла, шайн Даймахкана – Кавказана муьтIахь хилар. ХIора а заманехь хиллачу къизачу тIемашкахь, буьйсанан боданехь гучудовлу седарчий санна гучубовлуш хилла нохчийн къонахий. И къонахалла наноша аганехь дуьйна кхиош хилла берашкахь. КIилло хилла дуучу дуьненан мах хетта бац нохчашна цкъа а. Нохчо дегIаца а, сица а кхиар чолхечу хьелашкахь хилла, амма хIете а иза нуьцкъалла а тоьлла а хилла Кавказ къар йан оьхучу мостагIел.

Ишта сица а, дегIаца а турпалалла шегахь йолуш веана кху дуьненчу Довта-МартантIера нохчийн обарг Кута а. Цуьнгахь дегIан хазаллел а, лаккхарчу син-оьздангаллел а, майраллел а кIоргера Iилма а хилла.

Мел зама дIаэхарх, оьрсийн Iедалан Кавказан хьокъехь йолу политика цкъа а хийцайелла йац. Цу Iедалан лаам цхьаъ бу – Кавказан къаьмнаш шайн историх, маттах, Iилманах, оьздангаллех дохуш, уьш сийсаза дар.

ХIара книга, шеко йоцуш боккъалла а Кавказан жайна лара мегар ду, хIунда аьлча кхузахь автора цхьа а озабезам боцуш гойту хIора а Кавказан къоман сирла ламасташ, гIиллакхаш, амалаш. Гойту церан барт а, цхьалла а. Обаргийн вежараллийн уьйраш, уьш вовшашна орцане гIовттар йу кху книгин коьрта башхалла а, кIоргечу чулацаман цхьа агIо а. Автора доккхачу литературни похIмаллица а, исбаьхьаллица а довзийтина коьртачу турпалхочун – нохчийн обарган Кутин васт. Иза къиссамах, цIий Iанорах хьаьгна, хьере зуламхо вац, иза халкъан чIирхо ву. Цуьнан коьрта лехам – нийсо йу. Цу нийсонан новкъахь лела хаьа цунна.

Ала деза, заманан майданехь шена дуьхьал Iоттавеллачу муьлххачу а къомера а, динера а, даржера а волчу стагаца бийца мотт карийна цунна, шен ойла а, ша арабаьккхина некъ бовзийта а хиъна. Кутин ламастехь дацара гIийлачунна тIехь ницкъ бар, иштачу ницкъашна дуьхьало йан даима а доьналла хилла цуьнгахь. Дашца а, гIуллакхца а нийсо къуьссуш хилла иза даима. Цо цкъа а ца къестийна къаьмнаш. Мискачу стеган орца а, мекара мостагIан кхерам а хилла лелла ву обарг. Цуьнан сирла васт дуьненан тIегIанехь дийца хьакъ ду. Билгалдаккха деза, иза бекхаман новкъа валаран коьрта бахьана а. Йезарца шовданехь лаьтташ хиллачу жимачу стаге ца ладеллера нуьцкъала шен махка а кхаьчна, шен къомана тIехь олалла дан гIертачу бийца бух боцучу, мостагIаша, шайн боьхачу ламастехь ма-хиллара нохчийн йоккхачу стагана йина гIело.

Исбаьхьа хазачу нохчийн матто дашо хIур биллина пхьегIа санна хазйина хIара книга. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн мотт кху дуьненчуьра муьлхха а мукъамца богIуш хилар, цу маттахь аьлла муьлхха а дош шатайпа чулацаме доьрзий хазлуш хилар. Ойла йе йешархо, хьайн ненан меттан бекаре, тIаккха хьуна хьайн Даймехкан васт гур ду – ламанца даима а йекхна хуьлу Iуьйре, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Йуьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а.