Акаев ИсмаIал
Дешхьалхе
Ассаламу Iалайкум, лараме йешархой. ХIара дешхьалхе дIайолош, уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, кху книгин коьрта турпалхо нохчийн бакъ волчу къонахчун вастехь доьналла а, майралла а, таханлерачу дийнахь бийца бух а болуш а, тIаьхье а йолуш, тIарикъатан новкъахь а хилла, бусулба динан кIоргера баххаш девзаш, ламаз-марха а долуш, луларчу къаьмнийн меттанаш а хууш, цаьрца доттагIаллин йукъаметтигаш а лелош, нохчийн къоман исторехь йовр йоцу лар йитина стаг хилар. Довта-МартантIера обарг Кутех лаьцна, цхьацца бахьанашца нохчийн йукъараллехь цкъа а шуьйра дуьйцуш хилла дац. Ткъа и бахьанаш вайна ма-хаьара оьрсийн Iедало даима кхуллуш хилла. Нохчийн иэс самадаларан кхерам гуттаренна а хилла оьрсийн Iедалехь. Масех шо бен дац, гуьржийн йаздархо Ратиани Мурман а, цуьнан йоI Ратиани Мзия а бахьана долуш, Кутин цIе Кавказан литературин а, историн а майданехь къеггина седа хилла гучуйаьлла. Цундела тIаьхьарчу хенахь, цхьаболчарна моьтту Кута иза литературехь кхоьллина исбаьхьаллин васт ду, амма иза ишта дац, хIунда аьлча нохчашна цкъа а хьашт хилла дац исбаьхьаллин васташ кхолла – церан историн муьлххачу а муьрехь даима а хилла дуьне цецдоккхуш къонахий. Кху книгин агIонашкахь ма-дарра бовзийтина бу Кутица нийсса, паччахьан Iедалца къиссам латтош хилла Кавказан халкъан чIирхой, цул совнаха, пачхьалкхан архивашкахь Кутин дахарах а, цунна тIехь Iедало латтийначу талламах а лаьцна мел оьшу кехаташ долуш ду.
Ширачу заманахь дуьйна нохчаша шайн лаьмнашкахь лекха бIевнаш йеш хилла. Цу бIевнашкахь уьш бехаш хилла, цу бIевнашкара мостагIийн бIо а йуха тухуш хилла цара. Заманан йохалла стигла кхийдаш хилла ирхечу тархаш тIехь тIулгах йоьттина нохчийн шира бIевнаш.
Хийла мостагIа вогIура уьш йохош, амма тIаьхьарчу тIаьхена йуха а буьллура тIулг, йуха а йуьллура бIов шайн дай баьхначу лаьмнашкахь. Нохчийн ломахь рогIера тIеман дарц даьлча, хеталора и бIевнаш йан кхин стаг хир вац, уьш кхин цкъа а гур йац цу лаьмнашкахь, амма цу бIевнийн херцаршна тIехь гучуйовлура керла гIаланаш. Даймахкана хьалха долу декхара сил а, дахарал а деза хетачу къоман ницкъ кхочура шайн маршонан билгалонан – керлачу бIевнан тIулг билла.
ХIоразза а летара нохчий мостагIех шайн маршо, паргIато, синтем къуьссуш. МостагIийн терахь алсам мел долу, гIора дайна къам кхин а лекха лаьмнашка хьалагIертара. Лакха хьала мел довлу, цаьргара ницкъаш кхууьра, уьш и лаьмнаш санна онда а, зоьртала а хуьлура, цундела мостагIчо ца боккхура толам, иза иэшамца лаьмнашкара йухавоьрзура.
Цигара охьабиссича, шайн хIусамех йиссина херцарш бен ца карайора царна, амма дахаре болчу безамо, цу дахарца йолчу шовкъа гIо дора царна и хIусамаш тайеш, цу чохь керла дахар кхолла, доьзалаш кхио. Ишта дIаоьхура бIешераш. Карарчу хенахь, 21-чу бIешарехь а дерриге а дуьне теш хилира нохчийн къомана тIебеанчу баланан – йохийна, йаьржийна йарташ, гIаланаш, амма цара шайн дайша санна йухаметтахIоттийра шайн дахар, царна йуха а карийра шайгахь доьналла а, ницкъ а. ХIора а нохчочо шен бIов йуьллуш, лерина тIулгана тIе тIулг буьллу, и тIулг цуьнан къоман историн лард йу. ХIора а тIулг нохчийн Iадат ду – къоман син-оьздангаллин лийр йоцу гIап, и хIора а бIов – къоман тIум йу, цуьнан иэс дийна хиларан билгало йу. Нохчийн лаьмнашкахь лаьтташ йолу бIевнаш шатайпа архитектура хилла ца Iа, иза – нохчалла кхоллалуш йолу пхьаьлгIа йу.