Ас х1ора 1уьйрана сатосуш гуобоккхура со 1аш волчу г1ишлона, керла «совг1ат» дуй-техьа керта кхоьссина олий.
– Салам 1алайкум, хьо х1ун лоьхуш ву кертахь, са а тасале? – йовхарш тухуш вистхилира лулахо.
– Деллахь, цхьа к1ира хьалха керта деса къаьркъана шиша кхоьссинера суна. Йоьхь1аржонах ларавала г1ертара со-м, – жоп делира ас, салам схьа а оьцуш.
– Мелла ваьлча, уьйт1а стенна кхуссуш ду ахь иза? Т1ехьа кхосса мегаш дац и? – цецвелира лулахо.
– Со-м молуш а вац. Цхьамма уьйт1а кхоьссина суна, – лулахо кхето г1оьртира со.
– Иштта ала ахь, хьо суьдхочунна хьалха лаьтташ велахь а. Со а ву хьуна х1окха чуьрчу г1омо ларт1ахь и мала ца вуьтуш, и шишнаш керт ма-ю хьулдеш лелаш. Хьо суьйрана балхара чувеача, со д1анехьа вер ву хьуна, войшинна цхьа литр ялахь, хьо чувог1уш, – т1едиллира суна лулахочо.
– Хьайна соьца дов ца дезахь, иштта къамел кхин ма делахь соьга. Со молуш вац. Хьайн ворданан дола айхьа дийр ду ахь, оцу т1ехь вайшинна некъаш цхьаьна ца дог1у, – д1ахьейира ас сайн дог-ойла лулахочуьнга.
1уьйрана чайнан стака а мелла, ишколе балха ваха со араваьлча, уьйт1а юккъехь, наб кхетта 1охку кегий бераш санна, ул-уллохь 1уьллуш х1инцца дассийна къаьркъана ши шиша 1уьллура. Х1инца кхийтира со лулахочун къизачу бегашех.
Со ишколе д1акхаьчча, деза кхаьънаш санна схьакъедош дара суна сох лаьцна керла «туьйранаш». Ондачу завучо мерза кхаъ бина дийцира суна:
– Ванах, хьенех. Хьо, уьйт1а юккъе дийнна яьшка къаьркъа а х1оттийна, сахиллалц молуш, салтийн йир а бохуш, лулахой бийша а ца буьтуш, 1а ма боху! Бакъ дуй и? Хьажахьа, минот ца яьллехь, хьоьга маре а йог1ур-кх со! Ма къа долуш синош ду-кх тхо, зударий!
– Зударий-м хила а мега…, – дуьхьал къовзарш дира ас.
Амма къена жеро-м яцара оцу сан хьовзийначу дешнех кхетар йолуш, дуьненчохь кхин цхьана дахарехь яьхча а. Соьгара пурба даьккхича санна д1ахьаьдира иза-м, со теш а вина, сох лаьцна шена хетарш дийца.
– Гина хир ду-кх Чацкийна а г1ан! – элира ас сайга. – Амма иштта говзаниг-м ца гина!
– Хьо экзаменна кечам беш-м вац? – хезира суна аг1онца кхоалг1ачу завучан аз.
Хазачу зезаган ц1е а йолуш, лекхуо, оьздачу дег1ехь, жима зуда яра и.
– Шадолчу дахарх еккъа ц1ена экзамен а хилла д1адаха х1ара сан дуьне-м, – бегаш бира ас.
– Махьмудна т1е а г1ой, хьо х1окху ишколан директор хила г1ерташ вац ала, хьайна х1ара концерт чекхъяла лаахь, – элира соьга зудчо, эсала ела а къежаш.
– Ой, – цецвелира со. Хьуна муха хиира со директоран меттиг къуьйсуш воций?
– Хьо Дала поэт хила кхоьллина ву. Нуьцкъала хьо директор х1оттийча а, ахьа баттахь а бийр бац х1ара болх. РОНО-хь а шарахь бен ца хьевелла хьо, итт шо хьалха делахь а, – кхин цкъа а оьзда елакъежира жима зуда.
– Ткъа стенгара даьржина и эладита, со директоран меттиг схьаяккха веина ву аьлла? – хаьттира ас хьекъалечу жимчу зудчуьнга.
– Хьайн лулахошца бертахь 1е, я меттиг хийца, – хьехар дира жимчу зудчо.
– Со бехк боцуш бехказа вийлалур вац цхьанна а хьалха, – элира ас.
– Суна-м хаьара ахь иштта жоп лур дуй. Х1окху харцдуьненан стаг вац хьо. Дала аьтту бойла хьан, – ойлане хилла, готтачу уьчахула д1аяхара хьекъале жима зуда шен кабинет йолчу аг1ор.
«Адамашца тарвала веза!» – тхайн ненан хьехар дагадеара суна хьехархойн чоьнехьа д1авоьдуш.
– Ваша, ваша, – т1аьхьакхойкхуш хийтира суна берех юьззина йолчу уьчахула со схьавог1уш.
Со вухавирзича, пхоьалг1ачу классера жима к1ант вара соьга цхьаъ-м ала г1ерташ.
– Х1ун боху ахь, жима стаг? – сецира со.
– Хьоьга арахь кхойкхуш цхьа ваша ву-кх, – хаийтира к1анта.
– Баркал, жима стаг, баркал, – мукъавитира ас к1ант.
Со ишколан уьйт1а ваьлча, соьга хьоьжуш лаьтташ со чохь 1аш волчу г1ишлон да вара.