Шен статья чекхйолуш Шерипас т1е тидам бог1ийту х1окху ойлана: «Амма 1996—1999 шерашкахь (нохчийн йозуш йоцуш пачхьалкх йолуш) а нохчийн маршо хьаьшна яра. Чоьхьара маршо йоцуш, сица маьрша боцуш болчу нахана шайна арахьара маршо яьлча. И маршо лан ца ло, цунах дезар эца ца хаьа. Лайн амалашка бирзина нах бу уьш, уьш цкъа а маьрша бовлуш бац…». Алан деза, нохчий пачхьалкхан дозана юкъа бахначул т1ехьа, дикка хан д1аяьлла, т1аьхьенна т1аьхьенаш а хьалакхиина пачхьалкхан «кийрахь». Амма и пачхьалкх даима а «десте» хилла лаьттина нохчашна. Уьш пачхьалкхан дай хила 1амон дагахь цкъа а ца хилла пачхьалкхан бакъболу дай. Мелхо а уьш х1аллакбеш, т1ехьатуьттуш, церан культура «ен» г1ерташ белхаш бина пачхьалкхо даима а. Нохчий шайн дайн адамийн юкъаметтигех а баьхна хилла, ткъа пачхьалкхана юкъабигича а уьш цу юккъехь 1ен-баха 1амош а ца хилла. 1996 шарахь яккхий къизалаш а ловш, механа доккха ц1ий а луш уьш цхьана пачхьалкхах к1елхьара а бевлла кхин и санна йолу пачхьалкх ян г1оьртича х1ун хийцало. Х1Х б1ешарахь, нагахь санна Шемалан теократически пачхьалкх т1амехь тоьллехь а, нохчаша и сихонца йохор яра. Шайн юкъаметтиг лелон а хуур дара царнна, шаьш бехар а бара цхьа а пачхьалкх а ца еш. Амма х1инцалера нохчий хийцабелла, мел ч1ог1а вай дайн г1иллакхаш лелон г1ертахь а, уьш хийцалуш д1аг1ур ду. Шерипас шен статья т1ехь юьйцуш йолу юьхьшен маршо а нохчочун хийца езар ю пачхьалкхан муьт1ахь йолчу маршонца, пачхьалкхо шена луш йоллучу маршонца.

Таханлерчу дийнахь вайн къомана хьалха лаьтташ болу хиламаша гойту вайна хийцамаш мел ч1ог1а хилла, вайн тахана Россин дозанахь елахь а, нохчийн пачхьалкх ю. Вай тахана бен ца дуьйладелла оцу пачхьалкхан маршонех кхета а, пачхьалкхехь дуьззина цуьнан дай а хилла даха а. Х1Х б1ешарашкахь нохчийн хилла адамийн юкъаметтигаш г1оле-м хир яра нохчашна, амма вайн таханлера бакъдерг и пачхьалкх ю, пачхьалкхехь даха 1емаш ду вай.


Минкаилов Эльбрусан «Гуорабожийна сай» ц1е йолчу дийцарах дош.


Аналитическая статья по рассказу известного чеченского писателя и публициста, главного редактора республиканского литературного журнала «Орга» Минкаилова Эльбруса «Упавший на колени олень».


«…Со лаамза хилла теш ма вара цуьнан дахаран…» ишттачу дешнашца чекхйоккху Минкаилов Эльбруса дахаран талламан-тидаман цхьа жимма йолу кийсаг, шен дийцар «Гурабожийна сай», «Вайнах» литжурналан 2010 шарахь, №6 т1ехь арадаьлла долу. Амма и дахаран кийсаг ма-хуьллу хабийна, йоцца язъйина ю авторан дийцаран аг1онашна т1ехь, Минкаилов Эльбрус даима а г1урту шен кхолларалехь дош ма-торру доца ала. Х1ара «Гуорабожийна сай» ц1е йолу дийцар а ду хьаьдда доьдучу дахарана юкъара дош хоржуш ка тоьхна схьадаьккхина яздича санна. Эльбруса кест-кестта ша олуш ма-хиллара: «дийцар мелла а юккъе совнах долу басарш ца ийдеш дош доцца олуш яздан деза, делахь а оцу доца яздаро легашка хорам бина садукъдан а ца деза кхуллучу произведенин…» Дийцар ша кхуллучу заманчохь цу т1ехь аьлла дош доца делахь а, 1аламат боккха а, «адаме муха ланлур бу техьа иштта халниг» аьлла хоьтийтуш хала а адамийн дахарехь хилан тарлуш болу (х1унда ца мега ишттачу дахаран некъ, хилам хилла хила а) цхьа некъ бу автора теллинарг. Вайна гайтархьама бийцина бац и некъ, ша теш а волуш, шен дийцаран коьрта турпалхочуьнца шен синлазам а буцуш, цуьнан халонах ша дакъа а лоцуш, и хало шен дагах чекх а йокхуш, дог а лозуш дийцаран аг1онашкахула чекхволу автор, шен турпалхошна улло а х1уттий. Дийцаран коьрта турпалхой Шемал а, Саида а бу, ткъа Шемалца ишколехь дуьйна цхьана дешна, цхьана юьртара а волуш, вевзаш ву произведенин т1ехь Эмин. Эминан ц1арах ду дийцар д1ахьош, амма дийцаран турпалхочун мотт хьоьхург а хилла ца вуьсу Эльбрус оцу произведенин аг1онашна т1ехь. Эминас дуьйцуш долу, дагна лан а, лергана хаза а хала долу дийцар, автор гуш вацахь а, шен пох1мин к1оргаллийца ша уллохь хилар гайтаро синлазам алсамбоккхуш ду. Эминин дийцар-м дац кхин басарш совдаьлла, ур-аттал шен накъостийн юьхь-сибаташна т1е тидам бахийтина а. Амма говзачу суртдиллархочо санна ши-кхо басархьакхаран кепехь кхоссар а дой автора кхоччушдолу сурт-м дуьллу шен турпалхойн. Масала, Шемалан дешнаша «…Хьажахь, хьажахь хьуьлла йог1учуьнга! Цхьа сай бу-кха, сай!…» ца дуьйцу мел куц-кеп долуш хаза йо1 ю Саида. Коьрта тидам т1ебохуьйтург духар а дац, амма вайн б1аьргашна хьалха хазчу куьцехь дуьззина сурт-м х1утту оцу йоь1ан. Йоь1ан духарх лаьцна доцца аьлла долу «…б1аьстенан басаршца йог1у къорза коч…» а ца хетало оцу кучан сурт кхолларан дуьхьа аьлла, амма – б1аьстенан хазалла гайта, б1аьстенан зама гайта аьлла хетало. Т1къа коьртаниг йоь1ан куьцехь дерг: «…суна хета а хийтира и сайнах тера, цхьана курачу сайнах, парг1ато евзаш а, и лоруш а болчу…» Мел дукха басаршца къагош дийцича а алалур дацара иштта к1оргера чулацам болуш оцу йо1ах дош. «Парг1ато еза сай» йоь1ан, къоначу адаман дахаран юьхь, мел сирла дахар хьоьху дешархочун синкхетамехь ишттачу турпалхочун васто. Б1аьсте, къоналла, «парг1ато еза сай» – мел лекхарчу, сирлачу т1ег1анашкара хаза д1адолало дахар. Х1аъ, дахар даима а долало хаза, сирла – серлонна, хазаллийна кхоьллина а ду дахар! Адаман ойланаш, догдаг1арш а хуьлу даима а хазаллехьа г1ерташ, амма адаман ницкъаш а, комаьршаллаш а цхьатерра ца хуьлу. Адам дукха чолхе кхоьллина ду, дукха комаьршаллонаш цуьнца елахь а, цхьадолу адам дахаран 1аьржачу аг1онашкахь тиллой дуьсу, хьуьнаюккъехь тилделларг санна, адам ша хьуьнюккъара арадолу моьттуш кхин а к1орге чутуьлу. Мел чолхе ду дахар, ткъа и дахар довза, оцу дахарах лаьцна дош ала мел чолхе хьекъал оьшу. Эрна олуш дац: «дийцар – уггаре а халачу литературни жанрех цхьаъ ду». Йоккхачу романан т1ехь-м дийнна адамийн дахарах лаьцна яздан шортта таронаш ю, ткъа доццачу дийцаран аг1онашкахь чолхечех цхьаъ адаман дахар гайта ондда пох1ма долуш стаг хила веза. Эльбрусан аьтто баьлла, бу бохуш болчу вайн яздархойн дийцаршна т1ера масала далийча а, цаьрца дуьстича а, шен дийцарехь к1орггера турпалхойн васташ кхолла а, дахаран юккъера цхьаъ чолхе кхоллам гайта а.