Асланбека шен х1усамненаца, маьнги к1елхьара дуьхьалатийсалушшехь, хала озийна схьаваьккхинчу Йагина гина сурт дахар ч1аг1деш ду. Эзарнаш адмашна х1ора дийнахь гуш, уьш цец ца дуьйлу сурт: чоь, кор-не1, истол, г1ант, маьнга, т1ех1оьттина дийна х1ара санна ши адам. Гуш, буьрса жоьжахатин ц1е а йоцуш, тамехь эсала йовхо луш нохчийн пеша чохь догу дечиг. И ц1енчу дахаран хаза сурт ду, Йага цига юхакхойкхуш санна гуш. Х1ора Хьаьлиман дийцаран баснехь санна жам1 деш нислучу чаккхенехь санна, Йагин оцу чоьнах самукъадаларо цунна дахарх чам карлабаларо гойту Йагин коьртехь мелла а дикчу аг1ор хийцамаш хиллий.
Мелла а историн аг1онаш гайтина а ца 1аш, оцу тоьшаллийн Йагин г1оьнца, шена хетарг, шен дуьне гар вайна довзуьйту Хьаьлима «Талорхой» ц1е йолчу дийцарехь.
1993 шераш хала а, декъаза а киртиг яра Россин пачхьалкхехь. И дамар цу хилла яхана яра советан империи, шена т1аьхьа ийзош яра цо, Росси а. Ахдуьне д1алаьцна лаьттачу пачхьалкхан массо маь11ехь карзахбевллера талорхой, зуламхойн тобанаш. Акха капитализм яра шен ира, луьра к1омсарш къерзош пачхьалкхана. Оцу хенахь, суна хууш, 1аламат онда зиэнаш дара Читински областина а, Китай пачхьалкъана дозанехь Аргунь ц1е йолчу дозанан хи техь, Краснокаменск-г1алахь. Сецош ц1ерпошташ, вагонаш яссаеш, шайна г1аролаша дуьхьало йича, и вагонаш ц1е туьйсуш ягош, та1зар латтош бара цигара талорхой. Оццул йоккхачу пачхьалкхехь масане хилла хира ду и санна масалш. Талорхоша лелориг-м берийн ловзар дара. Заводаш, фабрикаш, мехкдаьттан, газан дийнна отраслешан керла дай буьйлуш бара, беламе, к1еззиг мехаш луш, уьш шайн долайохуш, караерзош. Иштта инзаре къиза а, хала а вайн пачхьалкъана т1ех1оьттина хиллачу киртигах цхьа жима цинц бу Хаьлима «Талорхой» дийацарехь хьабинарг.
Кхечу аг1ор хила йиш а яцара, Нохчийчохь да воцуш, адам доьхна, шаьш х1ун дан деза ца хууш лела хан ю иза. Белхаш боцуш, генара белхаш боьхна, алапаш доцуш, къам б1арзделлера, оцу къомана юккъехь собар к1езиг дерш, аьрха нах а нислора.
Шен дийцар долош, Хьаьлима юьхьанца гойту вайна, мела а оцу къизчу хиламашна йистехьуо нисбеллачу ламанхойн 1ер-дахар.
Йагин Бийтар-эвлахьцкъачунна тийна дара. Эвлахь кест-кестта д1айоккхучу токуо а, лахара хьала хезаш долчу къамелаша гойту х1окху тийналлина а т1ег1ерта йоккхачу пачхьалкхехь а, къаьсттина Нохчийчохь, хилла хийцамаш, бохамаш.
Амма Хьалима кхуллу метан говзачу исбаьхьаллин г1ирсашца шатайпа сурт, хьалха санна коьрта турпалхо Йага а волуш, кхоьллина басарш ма-торру юьстаха а тоьттуш. Беламе дийцаршкахь бохаман суьрташ гайта къаьсттина дика пох1ма а, йозанан говзалла а, адамийн амалш евзаш а, адам дезаш а хила веза яздархо. Ткъа Хьаьлим х1окху дийцарехь дика ларавелла и декхарш кхочушдеш. Цо беламе гойту цхьаберш, иза доггаха воьлу вукхарах, амма яздархочун беламна юккъехь, дикка цуьнга ладоьг1ча, къаьста оцу адамах цуьнан шен дог лазар а, боккха къинхетам а.
Йага-м шен зудчо Босбикас лелийначу урда т1ера далараш санна йолу хьаьжк1аш чуерзийна, оцу рицкъанах а воккха а веш 1аш вара. Амма Йага санна болу ламанхой карзахбоху лахара рицкъах йоьттина машенаш цхьаберш хьалакхийла боьлча, Йагина дагайог1у хьалха обаргаша Теркал дехьара кхийлина реманаш. Яхье волу шен доттаг1ашца Хьаппица, Мушуца, Шовхалца а. х1ара, наха лелочуьнга хьожий, ойла ца еш, юкъаг1урту, ткъа цунах х1ун хуьлу вайна гур ду дийцаран чулацам вай теллича.
Гуьмсе-г1ала Йага д1акхаьчча, цецволий вуьсу. Ерриге а Нохчийчуьра гулделла адам хуьлу, аьчканекъан бохалла д1а а, схьа ц1ераш ягош 1аш. Х1оккхузахь ву Йагин кхоъ накъост а, цара шайн доттаг1чунна хьоьху вагонаш т1ера х1ун мехала ю а, яц а.