– Ахьмад, шариIато цхьана стеган йиъ зуда хила магадо. Амма, цхьана зудчун ши майра хила магийна бохуш, ца хезна цхьанна а. Айза хьоьгахь марехь йу, ткъа наггахь Iелин кIант волчу а йоьду. Шуьшиннах муьлхачун сте йу иза? – хаьттира Хьуьсас, вела а къежаш.
«Кхи-кхи-кхих», – аьлла, велавалар иккхира Iабдин а.
Вист ца хуьлуш, вахана неI тIе а чIаьгIна, чухула гIуй а боьллина, Хьуьсина тIе а веана, шен нуьцкъалчу куьйга цуьнан атлазан гIовталан кач а лаьцна, ветанаш лоьлхуьйтуш, озийна, иза шен мера кIел валийра Ахьмада:
– Кхахьпано дина кхахьпа! Хьакхин хотIах даьлла хьакха! Ирс хили хьан, йукъах йихкина шаьлта а йоцуш, со кхуза нисвелла. Амма хаалахь, нагахь санна ахь диканна а, вонна а Iелин а, Айзин а, сан а цIе йаьккхина бохуш, суна хазахь, хьайн хьакхин корта дегIах къаьстарг хилар! Стен а, боьрша а доцу гIизби!
Кхеравелла, ши бIаьрг схьаэккха санна, хье тIе баьлла Хьуьса, хьала а айъина, гIопастанал дехьахь вегош лаьттачу Iабдина тIе а кхоьссина, аравелира Ахьмад.
Ахьмадна хаьара и тайпана мотт-эладитанаш йуьртахь даржош лелаш цхьа нах буйла. ХIокху гIуллакхан цхьа йист йаккха сацам бина иза, къайллах арентIарчу цхьана воккхачу Iеламстагана тIе а вахана, цунах дагаваьллера. Цо дийцарехь, майра веллачул тIаьхьа биъ бутт а, итт де а даьлча маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа гена махка мехе, тIаме вахана, йийсаре вигна йа кхечу бахьанашца доьза вайначу майрачух дог диллина зуда кхечу стаге маре йахча, ткъа и хьалхара майра, xIapa Iела санна, цIа верзахь, и зуда йигначо, шариIатехь йита а йитина, хьалхалерчу майрачунна йухаерзо йеза. Ткъа оцу хьалха хиллачу майрачо, нагахь санна и зуда шена йезахь, иза цуьнга йухайан реза а йелахь, дуьххьара йалош санна, шариIатехь цуьнца мах а бина, шен дола йаккха йеза. Иза йухайало шена ца лаахь, йа йухайан и зуда реза йацахь, шена луъучу маре йаха маьрша йита йеза. Нагахь санна зудчунна хене йала рицкъа а, духар а, кхин оьшург а ца дуьтуш, майра генна мехе, тIаме, йийсаре лаьцна йа Сибрех вахана биъ бутт а итт де а даьлча, иза дийна велахь а, маре йаха бакъо йу зудчун.
ШариIатехь-м иштта дара, амма нохчийн къоман гIиллакхашца ца товш, лело оьзда доцуш а гIуллакх ду-кх иза. Делахь а цхьана агIор ца листича ца долу. Амма муха?
5
Товханна хьалха кхакханах бинчу кIедачу миндар тIе охьа а хиъна, иштта суьлхьанаш а дохуш, оццy ойланаша дIалаьцна Iapa Айза а. МаьркIажал тIаьхьа товхана йиллина ножан стомма гуьйриг алу хилла йаьгна чекхйаьллера. Терхи тIе хIоттийна чуьра мехкадаьтта лахделла чиркх а серлонна гIелбала боьллера.
Iела а, Ахьмад а боккхачу балехь вуйла, хаьара Айзина. Амма цаьршингахь берг бала бацара, Айзин кийрахь кхехкачуьнца буьстича. Iелина тIедеанчу эхьана бехке, Айза йоцург, цхьа а вац. Ахьмад ванне а вац. Шега йеача, зуда йигна цо. ХIокху бохамна бехке иза ша цхьаъ йу. Сибрех доьза вайна майра а волуш, маре йахана. Ткъа шо даьлча хIун дара? Iийр йара-кх кхин а ткъа шарахь а, йаллалц а. ЦIa-цIе а, керт-ков а цахиларх хIун дара? Цхьа бун а йина, caгIa а доьхуш, кIант а кхобуш Iийр йара-кх. ТIаккха, воккха хилча, кIанта иза а кхобур йара. Ша йаллалц. И сацам бинера Айзас. Iелех дог ца дуьллуш. Амма цамгаро кIелвитинчу къеначу дас бохийра цуьнан сацам. Ша дуьненара дIакхалха герга ву, бохура цо. Хьан а, кIентан а йиша-ваша дац, гергара нах бац. Шел тIаьхьа хьо кIантаца цхьа йуьсу. ЦIа-цIе, керт-ков доцуш. Доладан верас а воцуш. КIантана зуда йало йеза. Зуда йалийча, шуна цIенош, бежана, сту-ворда дезар ду. Ахьмад хьекъале, оьзда, къинхетаме, доьналла долуш, наха лоруш, сий деш стаг ву. ГIеххьачул таро йолуш а ву. Цо дола дийр ду шуьшиннан. КIантана цIенош дийр ду, кертахь оьшург а тардийр ду. Цул совнаха, нагахь санна Дала азаллехь йаздинехь, хьо Ахьмаде йахча, Iусманна йижарий, вежарий хир бу. Вайн устаз соьга вистхилийта ойла йолуш бу Ахьмадан гергара нах. Устазан дехар йухатоха бакъо йац вайшиннан. Iелех дог ца дуьллу, боху ахь? Мел хьуна ца лаахь а, Iелех догдилла деза ахь. Ткъа шо даьлла цуьнан цхьа а хабар доцу. Дийна велахьара, цхьа кост ца кхетош, Iийр вацара иза. Тоьур ду ахь ткъа шарахь ладегIча. Хьо хIинца а къона йу. Шен де тIекхаьчча, массо а ву вала везаш. Амма дийна верг ваха веза. XIapa сан тIаьххьара дехар ду хьоьга…