– Оцу тIаме баханчарна Iедало ахча делла бохуш, дуьйцура наха, – элира Дешис.

Овхьада ойла йира. Цунна дагаеара дIадаханчу шарахь ша йешна Энгельсан «Германин арахьара политика» цIе йолу статья. Цу тIехь Энгельса нажжаз бора хIокху тIаьхьарчу кхузткъе итт шарахь кхечу пачхьалкхийн паччахьийн йолахой а, чаьлтачаш а хилла, шайн маршонехьа къуьйсучу европейски халкъийн цIий Iенош лела немцой. Цара деш дерг дерриг а немцойн къомана доккха эхь лорура Энгельса. Ткъа хIинца нохчий а бевлла Энгельса нажжазбинчу новкъа. Дуьххьара оьрсийн-туркойн тIаме бахара. Бусалба туркошна дуьхьал тIаме. Оьрсийн паччахьо, оьрсийн эскарша нуьцкъах махкахбаьхна шовзткъе итт эзар нохчий – зударий а, бераш а, къенанаш а – тIелаьцна, царна туш деллачу бусалба туркошна дуьхьал. Шайн чалтачана, оьрсийн паччахьана бохкабелла, цуьнан йолахой а хилла. Шайн дай, наной, йижарий, вежарий байъинчу оьрсийн салташна улло а хIиттина.

Асхьаб цига воьдуш, Овхьад дуьхьал вара. Амма Овхьаде ла ца дуьйгIира ХортIас а, Асхьада а. Хьолахойн кIентий цига боьлхуш хилча, вайн доьзалера а цхьаъ ваха веза, бохура. Асхьад вохуьйтийла дац, керт-ков, бахам, туька а цуьнан йаьIни тIехь йу, цуьнан зуда а, бер а ду, бохура. Овхьад жима ву, доьшуш ву, дешар чекхдаккха дезаш ву, бохура. Асхьаб зуда йалоза вара. Иза дIахьажийра туркойн тIаме. ХортIин а, Асхьадан а сутаралло, къизалло хIаллаквина Асхьаб. Хийрачу махкахь Iожалла хилла, хийрачу махкахь лаьттах воьллина. Хьенан дуьхьа, стенан дуьхьа? Шен халкъан мостагIчун оьрсийн паччахьан дуьхьа, Россин хастаман дуьхьа.

ХIинца оьрсийн-японцийн тIаме а бахана нохчий. Шиний агIонгахьара харцонан тIом ма бу иза а. Россис а, Японис а къуьйсург йа оьрсийн а, йа японцийн а латта ма дац. Цигахь бехарш йа оьрсий а, йа японцаш а ма бац. Самг къуьйсуш лета меца, сутара ши жIаьла ма ду и шиъ. Ткъа оцу девнехь оьрсийн жIаьлехьа гIодаккха, лата, бала бахана нохчий. Къелло бигна-кх. Амма къелла а, мацалла а шаьш леш хилча а, баха ма ца безара уьш цига. Нохчийн гIуллакх ма дац оьрсийн, туркойн, японцийн, кхечеран а девнна йукъагIерта, шайн а, кхечеран а цIий Iено. Нохчийн къам декъаза, жима къам ма ду. Тоьур ма ду цуьнан хIаллакьхилар. Цо лайна халонаш, баланаш, бохамаш. Иза ша лардала ма деза керлачу баланех, бохамех. Иза ша ца ларлахь, цунна тIе бохам беача, цунна орцахдала, цунна гIo дан, цунах къахета, дог лаза дуьненахь цхьа а къам ма дац. Хилла а дац, хир а дац.

Ойланаш йора Дешис а. ДIадаханчу ткъе ворхI шарахь а, тахана а шен синтем байъина ойланаш. Уьш Овхьаде йалхийра цо.

– Делхьа хаац суна-м, Овхьад. Наха дийцарехь, шен маршонехьа, нийсонехьа къуьйсу бохуш, масех бIе шарахь тIом бина вайн къомо. Сан дас а, ден дас а, цуьнан дайша а. ТIаьххьара а Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьлча, ша къанвелла кIелвисча, герз кара ца оьцуш Iийра сан да. Со-м зуда йу, соьгахь-м хьекъал а дац, хIетте а даим а дIа леташ, тIом беш, хIаллакьхуьлуш хила деза вай? Мичахь йу цаьргахьа къуьйсуш, нохчийн къоман масех тIаьхье хIаллакьхилла и маршо а, нийсо а? Йац иза. Хьалха дIа бIаьрг тоьхча, гуш а йац. ХIун хилла оцу маршонехьа, нийсонехьа къийсинчу вайн йуьртахойх? Вайна бевзинарш а тIаьхье йоцуш байна. Аьрзу Хонкарахь вийна, цуьнан кIант японан тIаме вахана, цигара дийна цIа воьрзур вуй а, хаац. Iела Сибрехь вайна, цхьа кIант вийна. МIаьчиг а, цуьнан кIант а тIамехь вийна, тIаьхье йоцуш вайна. Болатан да Хонкарахь велла, Болат Сибрехь вайна, СоIип а цунна тIаьххье дIавахийта новкъаваьккхина. Бийца дукха бу уьш. Жимачу вайн йуьртахь а оццул хилча, йакхкхийчу йарташкахь, йерриг а Нохчийчохь мел дукха хир бу уьш. Ткъа и божарий тIамехь байъича, йа Сибрех бахийтича, дола дан верасаш боцуш бисина жоьра зударий, бобераш, къенанаш, заьIапхой? ТIамо цIенош дагийна, бахамаш хIаллак а бина, чуберза хIусамаш йоцуш бисина эзарнаш, бIе эзарнаш доьзалш? Тхуна, наношна, тIом ца оьшу. Оха тIамехь дайъийта деш ма дац бераш. Даха деш ду. Къам дебо, къам кхио. Къанделла кIелдисча, тхаьшна гIортор, гIовла хилийта. Дай, вежарий, майранаш, кIентий тIамехь байъича, оха, наноша, зударша хIун до хIокху дуьненахь даьхна? Тхоьга ларлур йуй къоман маршо, бусалба дин? Болатал а, Соипал а тIаьхьа суна маршо а, нийсо а ма ца оьшу. Дуьне а ма ца оьшу. ХIетте а кхета, хьекъале бахка дагахь а бац нохчий. ХIapa тIаьххьара цхьа ткъе итт шо лаьттинера тIом боцуш, наной ца белхош, машаре. Цул хьалха шаьш лайна халонаш а, баланаш а, шайна хилла бохамаш а, дерриг а дицдина, йуха а изза къематде хIотто, тIом боло гIерташ карзахбевлла нохчий. ХIокху аьхка Нохчмахкара цхьацца йарташ Iедална дуьхьалъевллера. Шаьш паччахьан Iедал дIадоккху бохуш. Цига далийнчу эскарша тIе йаккхий тоьпаш йитти царна. Нах лийци. Кхета, хьекъале а, иймане а бахка дагахь а бац нохчий. Массанхьа а къоланаш, талораш. Вайн жимачу йуьртахь а барт бац. Масех тобане а бекъабелла, вовшийн мостагIий а хилла, жоьжахатахь санна, хан токхуш бу. Эхь-ийман а, йахь-оьздангалла а, къинхетам а бохурш дIадевлла. Хаац, нагахь санна кхин иймане, хьекъале ца дагIахь, дуьне а, эхарт а декъаза хир ду-кх вайн къоман…