– Господин адъютант! – дехаре мохь белира унтеран. – Ас жоп дала ма деза арестантах…
– Э, унтер, ты не отвечает за арестанта. Теперь отвечает ми, абреки. Скажеш начальникам, абреки сделали засада. Они бистро напали. Они били много. Двадцат, тридцат. А солдат мала, пят. Все связали, арестант забрали и ушли в гора.
– Оцу хабарх цхьа а тешар ма вац, господин адъютант…
– Я тебе документ дам. Хороший документ, – кисанара блокнот, къолам схьа а даьккхина, доцца кехат йаздира Аюба. – Паслушай дакумент: «Гасподин палконик Дабраволски! Ты не полконак, ты с..а и б..д. Ты как баба сидиш крепости, боис абреков, война делаеш женшинам, старикам и детям. Ты свинья, пр…ка. Ми найдом тебе, зарежим как свинья. Здесь ми были много, солдат мала. Ми связал бедних солдат, забрал арестанта. Это сделал я, Аюб Тамаев. Адутант Зеламхана». Пайдет такой документ?
– Мегар ду, господин адъютант… Дика документ ду… Баркалла хьуна…
Аюб салташна тIевирзира:
– Как думает солдат?
– Iаламат дика йаздина ахь, господин адъютант!
ГIуллакх кхиамца чекхдаьллий хиъна, Абубакар тIевеара царна.
– Дасудани, господин унтер! Дасудани, гаспада солдат! – аьлла, церан Iодика а йина, цаьргара схьадаьхна герзаш белшех а тийсина, лома хьалабоьдучу гIашлойн новкъахула къайлавелира уьш кхоъ.
Царна тIаьхьа а хьаьжна, цхьана салтичо, паргIатваьлла, доккха садаьккхира:
– Дала тIе ма доуьйтийла вайна вовшийн кхин гар!
– Уьш-м шиъ бен ма ца хилла. Вай хьалхе кхераделлера…
– И хьайн муцIар сацае, Iовдал вир! – човхийра иза унтера. – Хьуьна чохь церан накъостий мел бара, хаьий хьуна? Оцу шина обарго хьо ца вуьйш, дийна витарх воккхавеш, Далла хастам бан беза ахь хьайн оьмарехь. Оцу шина обаргана а цхьаьна!
Дика хьаьвсича, шайна вовшийн куьйгаш дIадасталур дара салташка. Амма уьш даьстина карийча, бехке хир бара. Шина обарго шайн когаш цабехкарна а чам бацара царна. ТIаккха уггар а бехказа хир бара уьш. Делахь а, xIapa а тоьур ду. Шаьш дIадаста некъахой тIекхачаре хьуьйсуш, дIатийра пхи салти.
III корта. НАНА
Ас шайна тIедехкина декхарш аш цIена кхочушде, тIаккха Со шуьца хир ву.
Къуръан. 2 Сура, 38 айат
Ала цаьрга: «ХIай адамаш! Дала цIена, нийса некъ гайтина шуна; оцу некъа ваханчо шена дика до; тилавеллачо шена зулам до; цунна Соьгара гIо хир дац».
Къуръан. 10 Сура, 108 айат
1
Хьалха Iедалан суьдо ГушмацIина тоьхна хан дIайаьккхира шариIатан суьдо. Иза къена вара. Ша дуьненахь йаккха йисина хан машаре йаккха сацам хилира цуьнан, Хорача цIа вирзича. Амма Iедало ца вуьтура иза шен лаам а, сацам а кхочушбан. Обарг ваьлла, зуламаш деш лела хьайн кIант Iедална тIевалаве бохуш, ша бIарзвича, кIантах дIакхийтира иза.
ЭлсангIаьрца долу мостагIалла а машарца дерза ца дуьтура Iедало. Добровольскийс шена герга озийнера церан цIийнан нах. Цунна къаьсттана доггах гIуллакх дора Iадода. Зеламхас а, цуьнан доьзало а, гергарчу наха а дIa мел баьккхина ког Iедале дIабуьйцуш, уьш къиза хьийзабойтура цо. Зеламхас мосазза а алийтира цуьнга, и хьайн мотт сацабе. Амма иза ца соцура. Iедало ша ларвийр ву, моьттура цунна. Зеламхас Iадод вийра.
Хьалха чIир дуьхь-дуьхьал нисйеллера церан. ЭлсангIара Солтамурдан доттагI Ушурма вийча, цунна дуьхьал Элсан вийнера ГушмацIагIара. Ткъа хIинца хIокхара Iадод вийча, цIий хьаьрчира царах.
ГушмацIин ваша Хьамза, воккха стаг, гIийла стаг вара. Цхьана пIераскан дийнахь, рузбанера арабевлча, Хьамза вийра ЭлсангIеран наха. Хьамзас дехарш дира цаьрга, ша къена стаг ву, шен вашас а, цуьнан кIанта а лелочу гIуллакхийн декъахь а вац, тIе аш лацийтина шен кIант набахтехь велла, ша ма вехьара аш бохуш. ХIетте а вийра.