1990-чу шеран хIутоссург (май) баттахь Вайнехан демократически партис Нохч-ГIалгIайчохь кхин дIа хин йолчу политически процессашкахь мехала дакъа лецира. 1991-чу шеран мангалан (июль) баттахь республикин политически жайни тIехь хIинцалц йевзина а, хезна а йоцу цIе гучуйелира – Дудаев Жовхар. Халкълахь цунах лаьцна иза генерал хилар а, тейпан йалхаро а, цуьнан зуда оьрси хилар а, иштта цуьнан гергара нах Катаямехь бехаш хилар а бен кхин хууш хIума дацара. И хаам кIезиг бара къоман тешо Дудаевс йаьккха а, къоман куьйгалле иза хIотто а. Эстонин Тарту гIалин тIеман гарнизонан хилла комендант Дудаев Жовхар Соьлжа-ГIалара Нохчийн Къоман Вовшахтоьхначу Конгрессан (оьрсийн маттахь доцца цунах ОКЧН олура) председатель хаьржинера. Москвас гIо ца деш и хуьлийла а дацара.
ГКЧП сий дайна йоьжначул тIаьхьа рагI ОКЧН-ехь йара. Соьлжа-ГIалин урамашка цкъа кегий, йуха йаьккхий митингаш дIайахьар долийра. Оцу кегийчу тобанашка йаьккхийчу дивизишка а ца далуш дерг а дан ницкъ кхочура. Тамашийна хьелаш нисдаларца дIалецира МВД а, КГБ а, ткъа пачхьалкхалин и баххаш лардаран гIаролехь лаьтташ масех белхало бен вацара, цаьргахь а массаьргахь табельни герз а дацара.
ЦIий ца Iанош хилира и структураш дIалацар. Эскаро Iедална дечу цу зуламна цхьаьна а кепара дуьхьало ца йира.
ИбрахIиман бIаьргаш хьалха охьадохийра Политпросвещенин ЦIа, цунна гуш дара тайп-тайпана кхайкхамаша марсайаьккхина халкъан и тоба цу гIишлонна тIехьодуш. И гIишло ларъеш, герзах боьттина лаьтташ хилла милиционераш меттаха а ца бевлира адам сацо.
Хуьлуш долчунах ИбрахIим боккъалла а кхета волавелира Москвара Соьлжа-ГIала Дудаевна гIо дан Хасбулатовн тоба йеъча. Шеко йацара церан Iалашо Завгаевна метта Дудаев нохчийн къоман куьйгалле хIоттор хилар, ткъа и кхочуш йан цаьргахь аьттонаш хилар а.
Кхета хала дацара хIунда ца къуьссу Завгаевс шен дарж.
1991-чу шарахь керлачу конституцица догIуш, Ночх-ГIалгIайн Республика йозуш йоцу пачхьалкх аьлла дIакхайкхийнера. 1991-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 15-чохь Нохч-ГIалгIайн Республикин Лаккхара Совет дIахецначул тIаьхьа, цхьаьна ханна совет кхоьллира, иза Москвас керла харжамаш хиллалц законни орган хилар къобалдира. ОКЧН-ан кхочушдаран комитетан цхьаьна ханна кхоьллинчу Совета а, ГIалгIайчоьнан массо а тIегIанан депутатийн советан а барт барца Нохч-ГIалгIайн Республика йийкъира – Нохчийн Республикина а, ГIалгIайн Республикина а.
1991-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 27-чохь Нохчийн Республикехь президентан а, парламентан харжамаш хилира, цара кечдира керла пачхьалкх кхоллар. ГIалгIайн къома йукъарахалкъан референдум дIайахьарца йухнехьа РСФСР-ана йукъайахара. Федеральни центр йистхуьлуш йацара. Амма 1991-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь РСФСР-ан Лаккхара Совета дIахьедар дира Нохчийн Республикера харжамаш ша тIелоцуш ца хилар!
II
Дукха ду лаьмнашкахь чолхе некъаш а, некъан кегий тачанаш а, дукха йу цу некъашкахь аккхаройн лараш. КIезиг лела цигахь адам, лелахь а дукха хьолахь иччархо. Амма ламарой дIасалела тачанаш а ду цигахь – цхьаьна йуьртара кхечу йуьрта, цхьаьна махкара кхин махка. Ламаро воьду некъан тача гучара дIадаьлча иза уггаре а хьалха йухахьажа веза, дIасахьажа веза йуххера хьолах кхетархьама ша кхи дIа мича ваха веза.
Диканан а, вуонан орам бу дешар. И дешар а, Iилма а кIоргера мел хуьлу, дикано чIогIаха тоссу шен орам. Дешна наха кхуллу шайн тобанаш, тобанех йукъаралла кхоллало, ткъа йукъаралла – иза халкъ ду. Халкъ хьекъале мел хилий а, цуьнан вуонна дуьхьало йан ницкъаш алсам хуьлу, цуьнгара дика а алсам долу. Нохчийн къомана дика а вуо а хийцалуш кхийдош хиллачу Россин пачхьалкхаллин ирхенера кховдинера цо сатийсина маршо. Шеко йац хIун жоп лур дара гIамаран арахь виссинчу некъахочо шега хи дезий хьуна аьлла хаьттича. Амма цу лаамо вахийнарг Iехо а ца хиллера-кх хала.