Инзаре дукха нохчаша гайтира шайн доьналла Даймехкан Сийлахь боккхачу тIамехь. Цхьаьна Брестан гIопехь тIеман хьалхарчу деношкахь шайн синош дIаделира ши бIе сов нохчийн бIаьхочо. Амма майраллица шаьш Даймехкан сий къуьссучу хенахь царна ца хаьара йамартхойн йоцу цIе а кхоьллина массо а нохчий а, гIалгIай а сийначу Сибрех а, Казахстане а, ГIиргIазойн махка а дIабохор буй. Кху дуьненна шех тераниг кхин гина доцу, шен къизаллица дуста барам боцу и зулам хилира 1944-чу шеран чилланан беттан 23-чохь ЦIечу эскаран дезчу дийнахь.
РеIадат кхелхинчу дийннахь дIайоьллира. Назманан гIийлачу узамца тIаьххаьрчу новкъайеккхира кIеда-мерза, комаьрша хилла нана…
Цкъа а ца хилча санна дIайелира иза Заурбекан дахарера, кIентан даг чохь цкъа а йоьрзур йоцу чов а йуьтуш. Гергарчу наха гIо дина доллушшехь, дайн Iадаташ лардеш, йолла ма йеззара шен нана дIайолла аьтто ца белира Заурбекан. Тезет а гIийла йара. Чуртан метта РеIадатана кошан гIовланга цхьа жима тIулг биллира. Иза хIинца а Iуьллу цигахь… нехан лаьттахь. Ткъа цIа а йеана дIайолла йезаш ма йара, амма цкъачунна йа таро а, йа ницкъ а бац. Амма Заурбек тешна ву заманан йохалла кхуьнан лаам кIенташа кхочуш бийриг хиларах.
1957-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а буьрсачу Iай бIаьстенах хьаьгна човканаш санна, кестта Даймохк гур хиларо ойла тIомайаьккхина, хазахетарца схьаоьхура Кавказе. Ма боккхачу сингаттамца новкъйохура Заурбека Даймахка цIа оьхучу шен махкахойн и ирсе тобанаш. ЧIир хьаьрчина хилар бахьана долуш, цIехьа боьду некъ цунна бихкина бара, цундела иза виссира цигахь, нехан махкахь кхи дIа а чолхечу дахарах доьналлица тийссавала. Дахар дан а дацара атта, амма набахто зийна волу Заурбек ца къехкара халонех. Заурбекан доьзал нахал тоьлла Iаш бацара, йа эшна а бацара. СаьIида школехь кхиамаш бохура, иштта дуьненчу делира кхин а ши бер йоI Зарган а, кIант ИбрахIим а.
Хаза кхаъ беара Кавказера а. Цигахь цуьнан гергара нах шайн ма-хуьлла Догин гергарчу нахаца барт бан гIертара кхи дIа хин долчунах лаьцна, хIунда аьлча Заурбек къаьсттина цу доьзалца гIиллакх лаьцна ма вара Даймахка цIа верза йиш йоцуш.
Зама-м шен шераш хуьйцуш, ша цхьаммо сацорна кхоьруш санна дIауьдура. Заурбек массарна а къайлахь Нохчийчу цIа веара, шен тайпанера къаношкара бакъо а йаьккхина. Амма ца веара ша вина а, кхиъна хиллачу, нохчийн лаьмнийн кIажехь Iуьллучу шен йуьртам-м. Иза ваха хиира цунна дукха гена, Теркйистера цхьаьна кIотарехь. Кхузахь иза цхьаьнна а новкъа воцуш, шен хьанал рицкъ доккхуш, къахьоьгуш Iаш вара.
Доьзал кхиира. Школа а ткъа цул тIаьхьа университетан юридически факультет а чекхйаьккхира воккхахволчу кIанта СаьIида. Лоьран корматалла кара а йерзийна, нехан цIентIе дIайахара Зарган а.
Жимох волу ИбрахIим школехь доьшуш вара. Леккхачу дегIахь, зоьртала, цIена нохчийн амат а, иштта дахаре сирла хьежам а болуш, шен дена дика накъост кхиира цунах. Заурбекан массо а берашна йукъахь ИбрахIим вара уггаре а комаьрша а, схьаийна а.
Заурбека цхьаьнна а ца хоуьйтура ша ИбрахIим доьзалехь къастош вуй. Амма хIете а цхьацца хIуманна тIехь гучуболура цуьнан жимхага болу безам. Иза ларамза а ца хиллера. Заманан йохалла ИбрахIима шен оьздачу гIиллакхашца, йист йоцучу доьналлица гойтур ду массарна а эрна ца хиллий дас шеца лелош хилла и шатайпа йукъаметтиг…
Нохчийн массо а Iадаташна йукъахь чIир йитар уггаре а кIоргIера а, чулацаме а лара мегар ду. Вайн дайша шираллера схьакховдийначу цу ламасто бен доцуш вуьтур вац цхьа а. И кхочуш деш йоккхуш йолу хIора а гIулч йу кIоргера маьIна долуш. Цкъа хьалха билгалйиначу меттиге тIекхочу нехан карах веллачун гергара нах. Цхьаьнакхетаран меттиг дукха хьолахь йуьртана геннахь, шерачу аренгахь билгалйоккху. Вийначу стеган гергара нах схьакхаьчначул тIаьхьа, йукъахьлелаш волчо ларамца хаам бо цаьрга чIирхой кхеран кхеле ладогIа кийча хиларах лаьцна. Ткъа цул тIаьхьа цIий Iанийначун агIонерчара дIаболабо шайн и башха некъ. И меттиг мел гена йелахь а, цига гIаш ваха веза. Тобанна хьалха ваьлла шен уллерчу гергара нахаца (да, ваша, кIант) воьдуш хуьлу чIирхо. Йеха палаш, башлакхца дIакъевлина корта а, йуьхь а. Цунна тIаьхьахIиттина богIуш хуьлу цуьнан гергара нах, ткъа царна тIаьхьа тайпанан векалш.